31-г1а август-ветеринарни белхалочун Де

      Комментарии к записи 31-г1а август-ветеринарни белхалочун Де отключены

 Дахаран лор-мелехь корматалла

Дукха ширачу заманахь дуьйна схьадог1уш ду адмаша тайп-тайпана дийнаташ, олхазарш кара1амош, царах пайдаоьцуш болу. Адамаша даарца пайдаэцарал сов, балхана а 1амош хилла дийнаташ. Охана дар,генна д1аса вахар-вар, таллар, вовшашка яздина кехаташ д1аса кхачор, кира, мохь д1асакхехьар, иштта тайп-тайпана дезарш кхочушдан 1амош хилла адамаша тайп-тайпана дийнаташ а, з1акарадаьхни а. Ткъа тахана вайн  1ер-дахаран ца хилча ца торуш болу коьрта бахам хилла д1ах1оьттина даьхнилелор. Бахамехь даьхний алсам мел хили а, цамгарш алсам а, атта йолуш а хилар хууш ду вайна. Ткъа уьш цамгарех хьалхадаха, даьхнийн цамгар адамашна юкъа ца яржийта а 1алашо йолуш, дохнна лоьралла лело кхолладелла ветеринарни 1илма. Тахана цхьа а к1ошт яц вайн махкахь ц1ахь кхобучу  дийнатийн ветеринарни станци йоцуш.       

   Х1ара уьтталг1а шо ду дийнатийн лоьрийн (ветеринарни) юкъаралло шайн корматаллин деза де билгалдоккхуш схьадог1уш долу. Х1ора шеран 31-чу августехь цара билгалдоккху дуьненчохь уггаре къинхетаме, оьзданга говзаллин-ветеринарни белхалочун Де. Лоьраша меттах1оттайо адамийн могашалла, ткъа ветеринараша мотт цахуучу дийнаташна лоьралла дина ца 1аш, лардо адамаш дийнтийн цамгарш юкъаяржарх. И аттачех йоцу говзаллин декхарш кхочушдеш, шайн балхах дика кхеташ схьабог1у районан ветеринарни филиалан станцин белхалой (Директор-Гужулов 1имран). Тхан шеца хиллачу цхьаьнакхетарехь шайн коллективан балхах лаьцна, филиалан коьртачу ветеринара Мазиев Зивадис дийцира:

   -Ветеринаран корматалла уггаре а коьртачех хьашт хилла д1ах1оьттина тахана х1ора бахамехь а, х1усамехь а. Х1окху заманахь кертахь жима а, доккха а дийнат я з1акардаьхнин тайпа доцуш х1усам каро хала ду юьртахь а,  иштта г1алахь а.  Тхан филиалан коьртачу декхаршна юкъадог1у юьртабахаман предприятийн, бахархойн даккхий, кегий ма1ашйолу даьхнийн , накхармозийн, з1акардаьхний, кертахь, х1усамехь кхобу кегийн дийнатийн цамгарш таллар, уьш д1асаяржарх, къаьсттина адамаш,  1алашдар. Оха д1ахьо эпизоотически (цамгар шайн хеннахь гучуяккхар), профилактикан, лоьралла даран, (лечебни), дезинфекции яран планаца билгалйина мероприятиш, иштта кхочушдо бахархойн кхайкхамца церан хьашташка хьажар. Тхан коьрта декхар дийнаташна дарба лелор, шен хеннахь мехий тохар, цамгаршна талламбар (анализаш эцар), вакцинаш яр ду. Цул сов оха тхайн талламехь латтадо районера цамгарш яржаран хьал (эпидемиологически), ларйо дохнан  дежийлашка зуламе химикаташ яржорах а.

   Шайн декхаршца дика ларош схьабог1у тхан коллективан жигара белхалой Байтаркин ветучасткан заведующи Эпиев 1умар, Симсиран  участкан заведующи Бурдуханов Ахьмад, Шоьнан ветлечебницан заведующи Витигов Вахита, Замай-Юьртан ветучасткан заведующи  Илисханов Юсуп, ветфельдшер Сайдулаева Пет1амат, лор-эпизоотолог И. Абалаев, ветеринарни станцин лор Умханов Ризван, станцин программист-Умханов Роман.

   Ткъа дохнан цамгаршна дуьхьал талламбарехь йолу шеран план, оха  х1окху 8 баттахь 95%-на кхочушйина.

   Станцин коьрта ветеринар Мазиев Зивади шен болх кхачо йоллуш дика бевзаш, 53-шо белхан стаж йолуш, алссам зеделларг долуш белхало ву. Цунах 47 шарахь ветучасткан заведующи лаьттина иза. Иштта юьртабахаман техникум чекхъяьккхинчул т1аьхьа, Горски юьртабахаман инситутан ветеринарни факультет (инженер-зоотехник) ц1ечу дипломаца чекхъяьккхира цо.    Хьанал къахьегарна пачхьалкхо  хьакъдоллучу совг1аташца билгалбаьккхина Зивадин болх.