Районехь даздира нохчийн зудчун Де

      Комментарии к записи Районехь даздира нохчийн зудчун Де отключены

 Вайн республикехь сентябрь беттан кхоалг1а к1ирандийнахь билгалдоккхуш ду нохчийн зудчун Де. Вайн къоман зударийн сий-ларам лакхабаларан цхьа билгало иза.

   Нохчийн зудчун Де т1екхочуш даздаран мероприятиш д1аяьхьира районехь а. Усманов 1имранан ц1арах йолу районан культуран Дворецехь вовшахтоьхначу мероприяте кхайкхина бара учрежденешкахь, организацешкахь, предприятешкахь къахьоьгу белхалой, гоазанчаш. Цаьрца цхьаьнакхийтира районан куьйгалхо Селимханов Султан, районан администрацин социальни политикан, туризман, спортан отделан начальник Черезбиева Асет, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша.

   Дезачу денца гулбелларш декъалбеш вистхилира Селимханов Султан. Цо элира:

   -2009-чу шеран 2-чу февралехь арадаьллачу республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указаца билгалдина керла деза де нохчийн зудчун Де. Вайн юкъараллехь нохчийн зудчуьнга болу сий-ларам бу иза. Тахана нохчийн зуда-доьзалан нана, хьехархо, лор, 1илманча, поэтесса ю.

   Вайн дахар-иза текхо безаш беза мохь бу. Цунах доккха дакъа зударшна кхочу. Шайн нанойн, йижарийн, мехкарийн сий дан хууш долу къам довр дац цкъа а.

   Нохчийн къоман дахарехь даима а хилла зуда лаккхара сий долуш. «Зударийн сий дайча-къам дайна» баьхна вайн дайша. Вайнаха а бен цхьана къомо кхачиний-те и шира дош таханлерачу дийне. Дукха хенахь дуьйна схьа доьзалехь, юкъараллин дахарехь доккха маь1на лелош схьабог1у нохчийн зударий.

Вайнаха даима а лоруш, сий-пусар деш хилла уьш. Цунна къеггина тоьшалла ду дов даьлла вовшашна чучча ваханчу шина къонахчунна юккъе зудчо коьртара даьккхина йовлакх тесча, оцу шимма дов сацош хилла хилар.

  Дала декъалдойла шу т1едог1учу зудчун Денца.

  Районан куьйгалхочо С. Селимхановс совг1аташ д1аделира зударийн йоккхачу тобанна.

  Дезчу денна лерина концертни программа кечйинера «Ламанан аз» ансамблан артисташа, мехкарийн эшарийн тобано.