«Керла школа» федеральни партийни проект кхочушъеш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулимас, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас таллам бира Шовхал-Бердара юккъера юкъарадешаран школан ( директор Жабраилов Руслан) юьхьанцара классашкара (91 бер) дешархошна бовхачу кхачанца кхачоярехь бечу балхана. Талламан декъашхоша динчу жам1ашца школехь шайн-шайн хенахь лахара классашкара дешархошна бовха кхача латтош, кхачам боллуш дика хьелаш кхоьллина. Иштта кхача кечбечу г1ирсан чоьнаш а санитарни бакъенашца хила езачу кепара цхьаьнайог1уш хилар а билгалделира талламан декъашхошна.
