Нажин-Юьртахь еш ю 140 меттигана лерина берийн бешан керла г1ишло. Иза схьайиллича боккха аьтту хир бу юьртара дуккха а бераш долчу доьзалшна.
Хаза ламаст хилла схьадог1уш ду «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалой берийн бешан объекташ яран белхаш толлуш г1ишлошъярхошца цхьаьнакхетар .
Х1окху деношкахь цигахь хилира Нохчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулим, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта.Уьш цхьаьнакхийтира объектан прорабаца Джарлаев Вахица, г1ишлошярхошца.
Таллам беш билгалделира берийн бешан объект яран белхаш дика д1абоьлхуш хилар. Карарчу хенахь чухула хьахаран, сир-кир даран белхаш бара кхузахь сихбина д1ахьош.
Джарлаев Вахас билгалдаккхарехь, берийн бешан г1ишло йина яла герга ю. Кестта бераш т1еэца кийча хир ю районан кхин а цхьа объект.
