«Нохчолла» бохучу дешан чулацамах

      Комментарии к записи «Нохчолла» бохучу дешан чулацамах отключены

  Нохчоллин маь1на даиама а махиллара ду. Цуьнан чулацам, мах, кхетам цкъа а лахлур бац. Х1унда аьлча дуьнент1ехь х1умма а дац Нохчаллел хаза. Иштта х1умма а дац Ислам динал хаза а, нийса а.

                                                              (Нунуев Сайд-Хьамзат)

  Нохчолла-иза вайн къоман иэсехь, кхетамехь заманан йохалла даима шен мехаллица, дозаллица уггаре а коьрта маь1на долуш лелла дош ду. Хан-зама яларх, юкъараллин д1ах1оттам хийцабаларх нохчийн дахарехь къоман иэсан мехаллера дала йишйоцуш кхетам бу цуьнан. Цул сов вайн къаноша, 1илманчаша ма-аллара, вайн къоман шатайпаналла билгалйоккху «нохчоллин» амало. Ткъа муьлханш ю вайн къоман бухт1ера дуьйна схьайог1у лаккхара мехаллин амалш? Уьш ю:

   х1ора нохчо къен хиларх, я бахам болуш хиларх вовшел цхьа лахара, я лакхара воцуш цхьатерра бакъенаш йолуш хилар;

   т1екхуьу т1аьхье аганара дуьйна вовшашца йолу юкъаметтиг сий-лараман гурашкахь д1аяхьа 1амош кхиор;

   воккханиг неханиг, шениг башхалла а йоцуш цхьатерра ларар. Иза юкъараллин г1иллакх-оьздангаллин коьрта мехалла хиларх доьзал кхетош-кхиор;

   дуьхьал стаг ца хеставар, т1аьхьашха цунах г1ийбаташ ца дахар;

   массо а х1уманна т1ехь доза лардар, стаг сийсазван ца магар;

   моттарг1анаш а йоцуш, догц1ена хилар;

   хьаша-да ларар, г1ийлачунна лакхе ялар;

   собаре, тешаме, стеган мах хадорна т1ехь сих ца валар, адамалла хилар, иштта кхид1а а дуккха маь1не, мехала аг1онаш ю нохчоллин.

   Халкъалахь олуш ду «Цхьанга хаьттина хилла: -Х1ун ду Нохчолла бохург? Цо иштта жоп делла: -Нохчолла бохург-собар кхачийначул т1аьхьа собар карор ду!» – аьлла. Цунделла собар вайн г1иллакхан, оьздангаллин, адамаллин, амалан, ламастийн мехаллийн корта хилла лелаш ду халкъалахь.

   И дош дукха ширачу заманера дуьйна схьадог1уш хилар шеко йоцуш ду. Вайна юкъа ислам дин даьржича а ца духуш лаьттина вайнехан юкъараллин нохчоллин васташ. Динна дуьхьал цахилар бахьана долуш магийна вайна 1еламнаха вайн г1иллакхаш, 1адаташ лелор. Цо гойту дино уьш доьхкуш ца хилар.

Т1амца, нуьцкъаха т1е ца эцна нохчаша иман. Цуьнан коьрта г1иллакхаш вайн къоман г1иллакхашца дог1уш хиларна т1еэцна. Иза нохчоллин г1иллакхаш хаза, нийса, адамалла йолуш хиларан билгало ю. Нохчоллин ламасто юкъараллехь адамаллин уьйраш кхуллу, юкъаметтигаш тоярца хазйо, гергарлонаш ч1аг1до. Вовшашка сий-ларам, марзо кхуллу. Нохчолла, г1иллакх цхьаьна лелаш ду. Халкъалахь иза ледара далар боккха эшам бу. Хийла халонех вайн халкъ хьалхадаьккхинарг нохчалла, г1иллакх ду. Вайн ма-хуьллу цуьнах хер цадовлуш дахар-вайн декхар ду.

   Ч1ог1а халахеташ ду тахана вайн ламастех боьхна кегийнах гича. Масала, хазачу машенашкахь некъаюкъ д1а а лаьцна, транспортаца вог1у-воьдург а сацавой, шайх нахана некъахьовзам хиларан чот ца еш, вовшака къамелаш деш 1аш кегийрхой го вайна. Иза куралла, дозалла, майралла хета царна. Наха наь1алт олу амал ю иза. Иза ша-шен цаларар, ша-шена стаг ца хетар, йоккха сонталла хилар дуй ца хаьа цунна. Иза и стаг декъаза хиларан билгало ю. Х1унда аьлча, куралла гена ца йолуш, южуш, стеган сийдойуш сонталла ю. Ткъа нахалахь сийдар юхаметтах1отталуш х1ума дац. Дала лардойла вай оцу хьоле кхачарх.                  

   Амма жимачуьнгахь а, воккхачуьнгахь а нохчоллин г1иллакхаш гича хазахета, дегнашка йовхо, тешам кхуллу, дахар хазло, дикачу  г1уллакхашна т1ехь йохье довлу адамаш вовшашца. Вай лакхахь дийцина ламастийн бух доьзалехь буьллуш бу. Цундела лору халкъо, 1илманчаша, дешначу наха кхетош-кхиоран коьрта институт доьзал. Дала вайн т1аьхье ма-хуьллу оцу гурашкахь кхеташ-кхио хьуьнар лойла вайна.