Цхьаьнакхетар хилира берийн бешахь

      Комментарии к записи Цхьаьнакхетар хилира берийн бешахь отключены

11-чу октябрехь вайн махкахь билгалдаьккхира ден Де. Оцу денна лерина «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша «Мастер-класс» мероприяти вовшахтуьйхира Нажин-Юьртара №1 йолу «Седа» берийн бешахь.

   Берийн бешан  бераша гайтира балозах, кехатах, кхечу г1ирсех х1уманаш еш шайн куьйга говзалла.

   Мероприятехь дакъалоцуш хиллачу партин меттигера отделенин куьйгалхочун Хатулаев Виспашин, гоазанчин Матрашов Сулимин, районан къанойн кхеташонан председателан Зайпулаев 1умарсолтин дикчу аг1ор дог-ойла йисира берийн балхах.

   Берийн бешан заведующис Даудова Хьавас, коллективо баркалла элира хьешашна, шаьш дага а даьхкина, берашца самукъане, мехала мероприяти д1аяхьарна.