Культурин белхалойн дахар дика цадевзачарна хета тарло церан х1ора де а синкъерамашкахь д1адоьду. Ма-дарра аьлча, оцу мероприятишна я дезчу деношна дуьхьал доьлхуш цара бечу кечамехь цара хьогуш долу къа ца го вайна. К1еззиг хан ца еза муьлххачу кечаман материал схьалаха, сценариш харжа, репетициш ян. Хьовсархошна хьалха юхьк1ам боллуш сценари х1отторхьама дикка къахьега а, хан яйа а деза церан.Ткъа вайн дахарехь цхьа а мероприяти цара дакъа ца лоцуш а, вайн самукъадоккхуш а бен д1а ца йоьрзу. Вайн оьздангаллин мехаллаш, хаза г1иллакхаш, маь1не ламасташ дицдала ца дуьтуш карладоху. Къаьсттина маь1не, мехала г1уллакх ду иза т1екхуьучу т1аьхьенна. Царех бу вайн яртийн библиотекарш, яртийн оьздангаллин кхерч меттахь латтош болу белхалой.
Д1абевлла вайн дахарера синкъерамаш, д1адаьлла ц1еначу, сирлачу шовданан коьртехь безамаш буьйцуш кегийрхойн латтар, белхийш вовшахтохар. Ресторанашка дирзина халкъан уггаре мехала ламаст хилла лаьттина «Ловзар». Иштта суьйренца яьсса го хьалха юьзна лаьттина яртийн пхьоьханаш. Тахана и мехала, сийлахь ламасташ лакхахь вай ц1ераш яьхначу коллективаша лардеш схьадог1уш ду.
29- шо ду Гезиев Муслим Замай-Юьртан культуран Ц1ийнехь исбаьхьаллин кхоллараллин коллективан куьйгалхочун болх беш схьавог1у. Муслима чекхъяьккхина Татаевн ц1арах йолу пачхьалкхан культурин искусствон колледж. Тахана халкъан культура йовзарехь хаарш а, алссам зеделларг а долуш, шен болх дика бан хууш схьавог1уш белхало ву Муслим. Тайп-тайпана мероприятишкахь юьртахойн кест-кеста таро хуьлу цуьнан кхоллараллин коллективаца цхьаьнакхета. Районан, юьртан, юкъараллин дахарехь къаьсттина жигара дакъалоцуш схьабог1у цуьнан коллективан белхалой. Юьртахой, школьникаш кест-кеста бог1у кхуза кхоллараллин коллективан эшаршка, г1иллакх-оьздангаллин тематикан сценарешка, иллешка ладог1а. Муслим ша а ву нохчийн мукъамийн г1ирсех пайдаэца пох1малла долуш. Иштта лараво районан «Ламанан аз» ансамблан юкъахь жигара дакъалаца а. Тхан шеца хиллачу цхьаьнакхетарехь шен, шен коллективан балхах лаьцна иштта дийцира Муслима:
-Тхан белхан коьрта 1алашо ю мелла а халкъан кхолларалла кхид1а а кхиорехьа къахьега. Цунна юкъадог1у т1екхуьучу т1аьхьенна дайн г1иллакхаш, дика амалш, ламасташ, нохчийн фольклор йовзийтар. Культурин Ц1ийнехь д1ахьо мехкан дезчу денойн даздарш, яздархошца, бахархошца цхьанакхетарш, иштта д1ахьо кхийолу мехала мероприятиш. Юкъараллин дахарна юьстаха латта а, т1аьхьа диса а бакъо яц вайн. Культурин белхалойн муххале а. Х1унда аьлча, тхо масал хила дезаш ду вайн т1екхуьучу т1аьхьенна. Тхан балха т1ехь тхуна г1о-накъосталла хуьлу школан хьехархошкахула а, дешархошкахула а. Тхан цхьаьнакхетаршкахь уггаре жигара дакъалоцуш берш дешархой бу. Царна, церан хьехархошна баркалла ала лаьа суна меттиг баьллачура. Районан«Синмехаллаш» проектана юкъахь дакъалоцуш ву юьртан культуран Ц1ийнан заведующи Искажиев Аьрзу. Шегахь актёран пох1малла а долуш жигара белхало хиларал сов, болх дика вовшахтоха хууш белхало ву иза. Мосазза а хьалхара меттигаш баьхна вайн районан коллективо и юкъахь а волуш д1аяьхьначу синмехаллашкахь. Шайн белхан декхаршца дика ларош схьабог1у Балетмейстер Сайханова Маса, культорганизатор Цабаева Масарт.
Муслиман а, цуьнан белхан накъостийн а болх билгалбоккхуш культуран Министерствос сийлаллин грамоташца динчу совг1аташа тоьшалла до уьш къоман культура кхиорехь хьанал къахьоьгуш схьабог1уш белхалой хилар. Вай лакхахь мааллара, Муслим районан культуран Дворецан «Ламанан аз» ансамлан декъашхо а ву. Районан кхоллараллин дахарехь санна, иштта республикан барамехь д1ахьочу къоман культурин фестивалашкахь, даздаран мероприятешкахь а дакъалоцу ансамблан декъашхоша. Вайн къоман исбаьхьчу ламастийн, фольклоран, дуьнено а къобалдинчу хелхарийн, иллийн эшарийн г1ароллехь берш тахана культуран белхалой бу. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
