Х1окху деношкахь районан коьртачу библиотекин зала чохь д1аяьхьира, библиотекан белхалоша вовшахтоьхна, г1арваьлла нохчийн халкъан яздархо Айдамиров Абузар вина 90 шо кхачарна лерина мероприяти. Мероприятехь дакъалоцуш бара районан библиотекин, культурин белхалой, дешархой, «Халкъан дош» газетан журналисташ, иштта яздархочун кхолларалла езархой а. Вовшахкхетаран коьрта 1алашо яра нохчийн г1араваьллачу яздархочун кхолларалла карлаяккхар, т1екхуьучу т1аьхьенна цуьнан пох1малла, дахаран чолхе некъаш, хаза г1иллакхаш довзийтар.
Яздархочух лаьцна видеоролик гайтарца д1адолийра мехала цхьаьнакхетар. Цул т1аьхьа яздархочух дош элира районан библиотекан заведующис Сунчханова Линдас:
-Таханлера вайн цхьаьнакхетар лерина ду нохчийн къоман бакъволчу во1ан, шен оьздангаллица, г1иллакхца, дахаран атта боцучу некъа т1ехь нохчочун амалца ваьхначу яздархочун Айдамиров Айбузарна. Дала адамашца ваза шен к1еда-мерза мотт, ира хьекъал делла стаг вара Абузар. Замано ха харцарх, дуьненан амалш хийцаяларх, шен амал, дог-ойла, эхь-бехк ца хуьйцуш, дайша йина лекха б1ов санна, эзарнаш адамашна юкъахь шен ц1е ца йожлш ваьхна стаг вара иза. Нохчийн халкъан лерам бу сийлахьчу яздархочуьнга. Айдамиров Абузаран ц1арах ю Нохчийн Республикан коьрта библиотека, Соьлжа-Г1алин коьртачу урамех цхьаъ яздархочун ц1арах бу. Цуьнан ц1арах ю иза винчу юьртан школа, юьртахь схьайиллина яздархочун ц1арах музей. Абузаран дахарх, кхоллараллех лаьцна конференцеш, горга стоьлаш, кхийолу мероприятеш д1ахьо республикехь. Цуьнан кхолларалла, исторически романаш республикан школашкахь а, юккъера лерина а, лаккхара а дешаран заведенешкахь 1амош ю тахана.
Сунчханова Линдас дуккха а дийцира яздархочун биографех, кхоллараллин некъах лаьцна.
Яздархочух лаьцна дош элира районан «Халкъан дош» газетан отделан редактора Инеркаев Яхьъяс:
-Шо шаре мел долу гена довлу вай, вайн къоман дика к1ентий дуьненчохь а болуш яьккхинчу хенах.Замано ширалле лоьцу кхелханчийн баьрзнаш, д1ауьду шераш, уьш баьхна хенаш. Амма вайна биц ца ло уьш. Диц ца ло церан хаза, оьзда г1иллакхаш, церан шатайпана оьзда куьцаш а, цееран ойлане, хьекъале, безаме юьхь-сибаташ а. Иштта цкъа воьвзинчунна дагахьлаьттар волуш стаг вара Айдамиров Абузар. Абузаран кхоллараллин некъ шуьйра а, буьззина а, чолхе а бара. Къоман дахар, цуьнан дегалазамаш, самукъа, г1алаташ, иэшамаш- и дерриг девзина вара. Вайн амалш, сакхташ, диканиг, пайдениг дийца а, яздина охьадилла а кхетам, хьекъал долуш дика хьехамча вара иза. Абузаран дукха ю к1орггера маь1на долуш, нахана дика евзаш тайп-тайпана жанрашкахь язйина произведенеш. Цуьнан «Вайн амалш» ц1е йолу произведени еша, кхета атта йолуш, лаккхара маь1на долуш, вайна х1оранна а оьшуш яра. Т1екхуьучу т1аьхьено оцу книгин чулцамна т1е тидам бахийта лаьара суна. Шен кхоллараллин новкъахь къомана диканиг хьоьхуш, халкъана зуламе довла тамехь долу сакхташна хьалххе воьлхучийх вара Абузар. Ишттачех ю цуьнан шен оьмаран т1аьхьарчу хенахь язйина йолу «Вайн амалш» книга. Абузара мел яздинарг тахана деша а, пайдаэца а, талла а аьтто болуш вайца ду. Цо ондда ларйитина вайн исторехь. Ишттачу к1ентийн лаамаш къоман амалшца совбуьйлуш кхуьийла вайн т1аьхье!
Яздархочун «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» произведенийх лаьцна а, яздархочун дахарх дуккха масалш а далош чулацаме къамел дира районан культуран отделенин лаккхара говзанчас Мадаева Сувайрата.
Яздархочун «Ненан мотт», «Вина мохк», «Езачу йо1е» байташ д1айийшира дешархоша. Районан «Ламанан Аз» ансамблан декъашхочо Чалаев Хан-Мурада д1аэлира яздархочун «Чекхъяла, чекхъяла х1ай 1аьржа буьйса» байтан илли. Цхьаьнакхетаран чаккхенгахь мероприяти вовшахтоьхначарна а, декъашхошна а баркалла элира Ишхой-Отаран культурни Ц1ийнан заведующис Вашаев Биболата.
