Меттан оьздангаллах хетарг
Ма яй вай ца оьшу чевнаш. Х1ораннан доьзалш, йиш-ваша, да-нана, бевза-безарш бу. Бехкечуьнга оьзда бехк баккха хьал долуш ма бу нохчийн мотт, «Ира мотт-совг1ат, беха мотт-та1зар», олуш кица ду вайн.
Шина дашца ала тарлуш дерг сохьтехь дуьйцу цхьаволчо. Муьлхха къамел дечунна хаа дезара, ладог1архошна к1ордийначул т1аьхьа ша дуьйцург эрна дуйла. Мелхо хьалха дийцинарг а дицдо цо. Доккха айп лара дог1у тезетахь дуьненах а, ткъа синкъерамехь тезетан а къамелаш дар. Дешан меттиг ларьян ца хуучо, я шен меттахь дош ала ца хуучо х1ара кица дагахьлатто дезара: «Дукха лер-дети делахь а, дукха цалер-деши ду».
Буьйцучу матто шерра гойту стеган хьекъал, кхетам, цуьнгара г1иллакх. Вайн дайша деза лерина дош. Лаа олуш ма дац: «Шина балдех ардаллалц хьан лай ду дош, арадели-хьо цуьнан лай вуй». Да волчохь к1ант вистхилар, жимачо вокхачун дешнаш кегдар, шегий, шегий алийта бохуш хьалхалелхар, воккхачуьнгара я тхьамдера пурба доцуш вистхилар, къамелехь со-ас бохуш дастам лелар.
«Ас эр ма дара цхьа-ши дош», «Со ала хьакъ вацахь а, сайна хетарг ала мегий ас?», «Сайна х1ума хаьа аьлла-м дац, аша аларна вист хир ву со», «Аша пурба делча, цхьаъ дара сан ала»-иштта оьзда долош хиладеза къамел. Къамел деш лаьтташехь юкъалелхар г1иллакхе дац. «Хьо аьлла велирий-те?»-хатта деза, я «Хьайн дош ма дицделахь, сайна дицдалале ала ас»-олуш, бехказа вала веза. Ша дийцина ваьлча, «Со вахваларна бехк ма биллалаш», «Шайна ца товриг аьллехь къинт1ера довлалаш», «Ладог1арна баркалла»-аьлла дерзо деза къамел.
Меттан оьздангалла нахана юкъахь ларйина ца 1аш, ц1ахь, доьзалехь, уьйрашлахь ларъян еза. Къаьсттина да-нана лардала деза вовшашца а, берашца а меттан эвхьазаллах. Мел товш ца хуьлу нанас доьзалхочунна «Дукха ма вахарг», «Хьакхин херси», «Ас вуьйр ву хьо», «Дала д1аэцарг» бохуш, сардамаш доьхуш. Доьзалшкахь а, уьйрашлахь а лардан деза лергана хаза жирга дош.
Бийца хиъча, дешан ларам беш хилча мел хьалдлуш бу вайн мотт. Масала, «Велла» ца олуш, «Д1аваьлла» олу, йо1 я йиша «Мареяхана» ца олуш, «Араяьлла» олу. Хаза ду лоьро дархочуьнга: «Шек ма вала хьо, хьо санна волчу къонахчунна йоккха чов яц х1ара, толур ву хьо, Дала маршала дойла хьуна»- олуш. Я йохкархочо хала, текхна туькана еанчу йоккхастаге: «Баба, ма т1аьхьа йиси-кха хьо, х1окху сайна йитинчу шина булканах цхьаъ ца лахь, кхин хьуна дан х1ума дац-кха сан», я г1уллакххочо ша сиха велахь, веанчуьнга «Деллахь накъост, тахана ма сиха воллу со, хьайна дукха хала дацахь, кхана волахьа», я некъан хьакъ дала кисана кхевдинчу воккхачу стаге шоферо «Д1авала воккхастаг, хьоьгара х1умма а ца оьшу» олуш.
Х1окху чолхе, сихделла, хахкаделла доьдучу дуьненахь ала хаза дош а кхоадой, меттан къелла мукъана а ма х1оттае вай. Лаа олуш ма дац: «Хазачу дашо лам башийна».
Дикачу дас ж1аьла арадоккхур доцчу маьттаза буса луралла т1ехь долчу стага шен х1усамнене аьлла боху: «Вайн божалчу б1аьрг тохий йолахьа». «Х1окху Дала ша оьг1азло йина къематде х1оттийначу буса хьо ларвеш мила хир ву, ийза ца луш, хьо г1охьа цига.» -жоп дела зудчо. «Х1ан-х1а зуда, ахь буьйцу ледара къонахий бац сан мостаг1ий. Дог1учу дог1анах, хьийзочу дорцах озабелла 1ийр болуш бац уьш, -шениг ч1аг1дина стага. Корехь и къамел хезаш 1аш хиллачу мостаг1аша чу а баьхкина, лураллех хьалха витина иза бохуш дуьйцу халкъалахь.
Бакъду, дагах хьакхалуш, оьзда аьллачу дашо мостаг1ашка а вовшашка куьг кховдадойту, балано г1елдина дог ойий т1омадоккху, кхерам д1абоккхий халонна дуьхьал ког боккхуьйту, к1антах тешайой, дахаран к1урк1амане йо1 юьгу. Оьзда мотт машаран, бартан, дикачу г1уллакхан метта мотт бу-кх.
