Нохчийн мотт кхиорехь Гадаевн произведенийн маь1на 

      Комментарии к записи Нохчийн мотт кхиорехь Гадаевн произведенийн маь1на  отключены

  Башха, тамашийна хилла нохчийн поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан дахар: Набахтин дахаран къизалла, къахьо 1аьвшина цо. Делахь а шегара нохчийн яхь д1а цалуш бакъволу къонаха, лаккхара мах болу поэт хилла чекхваьлла иза кхолламо хьалха х1иттийначу зерех. К1еззиг гина дика а,ца кхиъна дуьненан марзонах буьззина чамбаккха.

   Делахь а уггаре коьртаниг, вайна оьшуш дерг, дозалла дан дезарг-Гадаевс нохчийн литературехь битина, цкъа а бовр боцу я лекъар боцу нохчийн поэзин бух бу.

   Поэтан белхаш, яздина тептарш дукха дацахь а, цо д1алаьцна шатайпа, цхьана яздархочун доцу, шен яздаран хат1 долу т1ег1а. Масала, «Ц1ен берд» книжка йоьшуш вайна го авторан ойланаш, тематика шуьйра хилар-доттаг1алла, безам, 1алам. Уггаре а йоккха меттиг д1алаьцна Даймахке болчу безамо (вина юьрт, дай баьхна латта,1аннаш, хьаннаш, аьрцнаш, даккъаш, пепнаш).

Со вина борз уг1учу ламанан 1инчохь,

Эндаже лечарчий ижунна дуьйлуш,

Суьйранна хьийзачохь, буьрса арз кхуьйлуш,

Вина ч1у ца баллал луьстачу хьуьнчохь,

Лаьттан тхов тиллинчу тишчу тхайн буьнчохь,

Дада сайн ваьхначохь, къаьхьа кад муьйлуш…

  Иштта сурт ду-кх поэтана, вайна дуьхьал х1уьттург, дуьхьал туьйсург. Воккхавен цхьа а х1ума дац олий хетало: борз уг1у 1ин, эндаже лечарчий, ч1у ца баллал луьста хьун, лаьтта тхов тиллина тиша бун, къаьхьа кад. Ойла йойту, мел миска, беркате, г1ийла а ду кхузахь поэтан дахар, бахам, амма цунна деза ду дайн латта, ша вина юьрт-Чуьрч-Ирзе. Кхузахь гучуйолу Гадаевн лаккхара патриотизм, Даймехкан бакъволу къонаха, поэт иза хилар.

   Гадаевн «Даймахке сатийсар» ц1е йолу стихотворени нохчийн халкъан назма ю ала мегар ду, х1унда аьлча, Юккъерчу Азе кхалхийначу вайнехан халкъан ц1арах иза язйина йолу дела (ц1ийца, б1аьрхишца). Г1ийла б1аьрг кхуссий вуьсу поэт, шен махка, Даймохк дукха генахь бу, цундела нисделла иза «кхосса» безаш, б1еннаш чакхармаш гена д1а.

   Поэт генахь велахь а, цуьнан иэс, дег1а са, б1аьрса Даймахке дирзина. Шен махка хьаьжча х1ун го цунна? Тезетахь техка бошмаш, г1айг1ане тог1еш, хьулдан да воцуш дайн упханаш, мийла да воцуш дисина шовданаш, ша санна шийла ков-керташ. Цуьнан х1ора дош ду деши узучу терзанах даьккхина, литтина яздина.

   Гадаевн матах лаьцна ала лаьа суна цхьа-ши дош. Яздархочо Саидов Билала шен «Нохчийн мотт» стихотворенехь ма-аллара, «Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шортта, ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт». 1аламан хазнашна юкъахь жовх1ар санна, къегина, ша тайпа бекар долуш бу Мохьмад-Салахьан мотт.

   Гадаевн стихаш йоьшуш вай т1е1иттало поэтан шен дешнашна, уьш ду  шалха дешнаш, вай пайдаэца мегардолуш. Масала, «1аьржа-1аржлуш мархаш а сихъелла керча», «Лах-лахлуш аьрцнийн уьш к1унзалех хьерча», «Рег1ахь к1е (к1ано) шур-шур до», «Тог1ешкахь бомбанийн тай-мог1наш го», «Дитташ т1ехь чиллано зар-зар йиш лоькху», и.д1.кх. а.

   Билгалдаьхна дешнаш вайн нохчийн литературехь я вай буьйцучу маттахь сунна зеделла а дац. Автора цхьана аг1ор шен стихийн рифма (кеп) галл ца ялийта далийна аьлла а хетта уьш. Вукху аг1ор гучуйолу яздархочун лаккхара, к1орггера яздаран говзалла а, мотт а.

   Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллин некъан нийса мах хадош, дика хаарш долу литературан критик везара аьлла дагадаг1ахьа, сунна хетарехь, нохчийн яздархочунна Сулейманов Ахьмадана санна цунах лаьцна кхачам боллуш дош ала хуур дац: «Мухьмад санна верг эзар шарахь цхьаъ бен ца вог1у х1окху лаьтта т1е. Мухьмад кеста вог1ур вац. Г1еххьа заманаш оьшу иштта цхьа Мухьмад кхолла». Дика тоьшалла ду иза.