Юрт социальни декъехь кхиорехь дуккха г1уллакхаш дина Гуьржи-Махкахь. Юьртахь йина керла школа, берийн беш, биллина асфальтан некъ, ялийна газ, хи. Бахархоша сагатдечу г1уллакхех дара юьртахь фельдшерско-акушерски пункт цахилар.
Бахархойн лаамаш, тидаме а эцна, х1инцачул кхо бутт хьалха юьртахь д1аболийна и мехала объект яран белхаш. Х1инцале хьаладоьттина девлла г1ишлонан пенарш. Д1аболийна тхов билларан белхаш.
Х1окху деношкахь г1ишло яран объектехь таллам беш хилира Нохчийн Республикан Парламентан депутат Демильханов Муса, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима. Хьаьвсира еш йолчу ФАП-н г1ишлоне, къамел хилира г1ишлошъярхошца. Цара билгалдаккхарехь, герггарчу хенахь йина ер ю керла объект.
Талламхой резахилира г1ишло яр т1ехь бечу белхашна.
