Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларца, республикан массо а районашкахь, ярташкахь санна, вайн районехь а октябран беттан 23-чу дийнахь дуьйна д1ахьош ю гулъелла нехаш д1айохуш, ярташ хазъеш-кечъярехь субботникаш. Районан учрежденийн, организацийн, предприятийн, яртийн администрацийн белхалой цхьабосса арабевлла г1уллакхдеш бу некъаш ц1андеш, токан линеш тоеш, газан бирг1анашна сир хьокхуш, белхан меттигашкара майданаш куьце ялош.
Уггаре хьалха билгалбаха хьакъ бу «Асфальт-4» заводан, ГУДЭП, ГУДП-5 предприятийн белхалой. Шайн долара ерриге а техника, белхалой арабаьхна жигара г1уллакхдеш бу уьш районан чухула долу асфальтан некъийн йистошца хьалайийлина яраш, коьллаш д1айохуш, уьш куьце далорехь.
«Чеченгаз» районан филиалан белхалой г1уллакхдеш бу Зандакъара, кхечу ярташкара йоьхна газан линеш тоеш, сир хьокхуш.
Дуккха а белхаш вовшахтоьхна районан электросетан белхалоша токан б1ог1амаш, аьчкан серий хуьйцуш. Субботникан дакъалацархоша дика г1уллакхдина Шира Бенара, Аьхки-Т1ай садо1у меттигашкара майданаш хазъеш-куьце ялорехь.
Ярташкахь д1ахьочу санитарни ц1еналлин белхашкахь дика г1уллакхдеш бу яртийн администрацийн белхалой. Райцентрехь – районан больницан, ветстанцин, къинхьегаман, социальни г1одаран, балхахь боцурш балхах1итторан центран, культуран, дешаран отделийн, кхийолчу учрежденийн, предприятийн белхалой.
Санитарни ц1анояран белхаш д1ахьош бу.
