Абдулшаидов Юнус

      Комментарии к записи Абдулшаидов Юнус отключены

   Бакъдуьненчу вахана республикехь т1аьххьарлера, 102 шо долу т1еман ветеран, Согунт1ара вахархо Абдулшаидов Юнус (Дала гечдойла цунна).

   Т1еман ветерана дакъалаьцнера Ленинград, Киев, Воронеж г1аланш, Орловски область, фашистски мостаг1ех  парг1атйохуш. Цул т1аьхьа Къилбседа-Малхбузен фронтан декъашхо а волуш т1ом бира Старое Руссо г1ала парг1атйоккхуш.

 Орловски областехь чов йина госпиталехь лаьттинчул т1аьхьа, 1944-чу шарахь, Юнус Ижевск-г1алара т1еман-медицински училище деша вахара. Амма вайн къам дохийна, Юккъерчу Азе (Г1ирг1азойн ССР) д1адигча эскарера мокъа а воккхуш, дешарх а вохийна Г1ирг1азойн махка д1ахьажийра иза. Иштта Сталинан политикан харцо 1аьвшина т1емалой дуккха а бара оцу заманчохь дохийначу къаьмнашлахь.

   Т1амт1ехь доьналла, майралла гайтарна 30 сов орденашца а, медалашца а дина совг1аташ дара Юнусан.

   Т1еман хан чекхъяьллачул т1аьхьа хийрачу махкахь а, нохчийн халкъ ц1адирзича вайн районехь а Юнуса белхаш бира 1едалан тайп-тайпана органашкахь. Машаран хенахь хьанал болх беш кхиамаш бахарна а дина дуккха а совг1аташ дара Абдулшаидовн.

   «Халкъан дош» газетан редакцин, «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша халахетарца кадам бо Абдулшаидов Юнусан доьзалшка, гергарчаьрга.

   Дала гечдойла цунна! Дала декъалвойла иза. Ийманца собар, ял лойла гергарчаьрна.