Библиотекаран корматалла юкъаяьлла шолг1а б1е шо бен дац дуьненчохь. Амма библиотекаран дарж уггаре а ширачех цхьаъ ду адамийн юкъараллехь. Библиотекаран дарж тешош хилла дешарца, хааршца, хьекъалца махкахь уггаре а г1арабевллачу нахах. Цул сов царна т1едожош хилла денна а шайн хаарш совдохуш т1едузар, собаре, жоьпалле хилар, нахаца къаьсттина дика хилар.
Дукха гена заманера схьайог1уш, массо а хенахь юкъараллехь оьшуш, ширлур йоцу корматалла ю библиотекарь. Хазау дашца, маршала хаттарца к1еда-мерза дуьхьал бовлу шайн кегийн хьешашна районан берийн библиотекан белхалой.
25 шо хан ю Насуханова 1айнаъ районан берийн библиотекан заведующи болх беш йолу. Карарчу хенахь шен фондехь 5700 гергга книга а йолуш йоккха библиотека ю иза. Шен балхах лаьцна 1айнаа элира:
— Т1аьхьарчу шерашкахь мобильни г1ирсаш юкъабовларца г1елделлера книгашешархойн терахь. Т1аьхь-т1аьхьа книгашца гергалло долу дешархой юха а алсамбовларе дог доху оха. Дийнахь 15-17 книгаешархо вог1у тхан библиотеке. Дукхах йолу мероприятиш берийн книгашца долу гергалло алсамдаккхарна т1ехьажийна хуьлу тхан. Т1екхуьу т1аьхье интеллектуальни кхетам лакхара болуш кхиор коьрта 1алашо ю х1ора библиотекаран. Хьалха санна т1ийра дац бераш книгашна х1окху заманахь. Массо а х1уманна жоп карадо интернетехь. Амма уггаре а берашна оьшу цхьа х1ума дац цу чохь: адамийн дуьххьал д1а-схьа долу, уллора къамел.
1айнаа дика т1елоцу бераш. Г1о до еша пайде, церан хенаца йог1уш йолу книга къастош а, лохуш а. Кегийчу ешархошца книга йийцаре ян хан а карайо цунна. Иза шен болх безар, цуьнан сийдар ду библиотекаран. Цхьа а дезде д1а ца дохуьйту 1айнаа берашца цхьацца чулацаме мероприяти д1а ца хьош. Цхьанакхетарш вовшахтуху районан кхоллараллин белхалошца, поэташца, СВО-н декъахошца.
