Нохчийн меттан говзанча

      Комментарии к записи Нохчийн меттан говзанча отключены

(Бушуев Недарсолтех дагалецамаш)

   ХХ-чу б1ешеран 90-чу шерийн юьххьехь дуьйна, СССР-н пачхьалкхехь талха новкъадаьлла 1едалан а, юкъараллин 1ер-дахаран а хьал, къаьсттина вайн махкахь, лацадаллал зенаш, зуламаш хуьлуш, 10-15 шаре дахделира. Ткъа 1957-чу шарахь вайн республика юхаметтах1оттош массо а аг1ор дакълацарехь билгалбевлла бара дешаран декъехь белхаш бина нах. Республикехь лакхахь вай хьехийна зуламаш доладелча къаьсттина и хьал 1аьткъинарш, дагахкхеттарш оцу ч1къоран нах бара. Иттаннаш шерашкахь къахьоьгуш цара денбина нохчийн мотт, литература «латинин йозане доккхий, 1аьрбин йоза хила дезий», — бохуш, еххачу хенахь доьхна лаьттира. Оцу кепара х1оьттинчу хьоло вочу аг1ор т1е1аткъам бира царна, къаьсттина церан могашаллина а. Цхьана йоццачу хенашкахь йилбазан мохо д1ахьаькхна г1а санна 1ожалло д1абигира уьш (Дала гечдойла царна). Республикехь нохчийн мотт а, литература а юхаденйинчарех цхьаъ вара 1930-чу шарахь Нажин-Юьртара Бетарсолтин доьзалехь дуьненчу ваьлла Бушуев Недарсолта.

   Недарсолта шен дерриг дахар бераш кхетош-кхиорна д1аделла стаг вара. 1960-90 шерашкахь республикан школашкахь 4-чу классашкара дешархоша 1амийначу нохчийн меттан грамматикан автор вара Недарсолта. Кхета а, 1амо а атта йолуш, маттаца совнаха чолхенаш а йоцуш, нохчийн дайша бийцина ц1енчу, оьздачу меттан бух т1ехь х1оттийна жайна дара иза. Ша а вара иза мотт хаза болуш. Дика чулацаме дийцарш, говза байташ а хуьлура цуьнан. Делахь а, цуьнан коьрта корматалла — нохчийн меттан, литературин хьехархо яра.

   Недарсолтин хиллчу дешархоша дийцарехь, говза хьехархо хиларал сов, лаккхара адамалла йолуш, комаьрша дог долуш, дешархошца к1еда-мерза волуш, оьзда амал йолуш стаг вара иза. Къаьсттина дукха дагавог1у Недарсолта, иза Нажин-Юьртара интернатан  директоран даржехь волуш цуьнан хиллачу дешархошна.

   Нохчийн фольклор, грамматика, мотт, дош нийсаяздаран 1илма дика девзинера цунна. Районера нохчийн литературин классикаш а, поэташ, яздархой цуьнан меттан 1илмананца кхиъна бара.

 Говза хьехархо хиларал сов, муьлхха а г1уллакх дика вовшахтохархо а вара иза. Еххачу хенахь Нажин-Юьртара интернатан куьйгалхо а волуш болх бира Недарсолтас. Республикехь а ц1ейоккхуш, берийн уггаре дика доладен интернат хилла лаьттира Нажин-Юьртара интернат. Цундела наха республикан кхечу районашкара бераш а даладора цига. Низам дика латторца, дешархошна оьшучунна кхачоярца билгалъяьллера Недарсолтин интернат. Цуьнан белхан накъосташа, хиллачу дешархоша дукха лакхара мах хадорца хьахаво иза тахана а. Ц1а сатуьйсуш, сахьийзаш долу бер хаза хьостий, дог оьций, кхетаме къамел дой гонаха волура Недарсолта. Деша а лууш, деша аьттонаш, хьелаш ледара долчеран берашна т1ехь къаьсттина терго, тидам латтабора цо. «Хала» амал йолу берашца кхетош-кхиоран декъехь къамел даран ша — тайпа говзалла а яра цуьнан.

   Дика-вонехь, юьртан юкъара г1уллакхаш дийцаре дечохь хьекъале, масла1ате дош ала хууш вара. Вайн ламанца юьртан сий лакхара хуьлу –юьртахь иэс, хьекъал, кхетам, собар долу нах алсам хилча. Буьзна никх санна ишттачу нахах юьззина лаьттинчу яртийх цхьаъ ю Нажин-Юрт. Ткъа Недарсолта оцу нехан мог1арехь хьакъйоллу меттиг д1алоцуш вара.

   Дуккха а шерашкахь 1едалан белхшкахь лаьтташ, 1едалца, нахаца йолу юкъаметтиг ларъян хууш ваьхна стаг ву иза. Мел къахьегарх башха г1ара а ца волуш, б1е берана юкъар цхьа-шиъ галдаьлчи а т1ехь бехк буьсуш, шех мел «г1алаташ» даьхчи а г1иллакхах я собарах воха йиш йоцуш хала а, жоьпаллин а болх бу хьехархочун болх. Ткъа Недарсолта хьехархо хиларал сов, нохчийн меттан 1илманчийн мог1арехь вара, еххачу хенахь интернатехь доьшуш хиллачу берийн доланча хилла дика чекхвелира иза.

   Вайн 1ожалло д1абигна шайн дахар башха д1акхехьна, хьанал къехьегна к1ентий т1екхуьучу т1аьхьенна бовзийтар, дагалецар декхарийлахь ду вай. Дала гечдойла царна массарна а!