Нохчийн халкъан деза де

      Комментарии к записи Нохчийн халкъан деза де отключены

 Республика юхаметтах1отторан Де билгалдоккхуш даздаран мероприяти хилира Усманов 1имранан ц1арах йолу районан культуран Дворецехь.

Гулбеллачарна хьалха къамел деш юкъаваьллачу районан куьйгалхочо Селимханов Султана элира:

—  Вайн халкъан исторехь шатайпана меттиг д1алоцуш ду 9-г1а январь.  Оцу дийнахь 1957-чу шарахь арадаьлла «РСФСР-на юкъахь Нохч-Г1алг1айн автономни Республика юхаметтах1отторан хьокъехь» долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ, иштта оцу дийнахь арадаьлла «Нохч-Г1алг1айн АССР юхаметтах1отторан, Грозненски область д1аяккхаран хьокъехь» РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ.

 Дайн махкара арабаьхна, 13 шарахь чолхе зерех чехкбевллачеран, Сибрех х1аллакхиллачеран, вайн республика юхаметтах1отторехь дакъалаьцначеран сий-ларам беш республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен указаца нохчийн халкъан пачхьалкхалла юхаметтах1оттийна де аьлла билгалдина 9-г1а январь.

 Х1окху деношкахь юх-юха а дагаоьху цхьа а тайпа бехк боцуш «мостаг1а» аьлла харц ц1е а тиллина, цхьа а тайпа бакъонаш йоцуш, х1аллакхиларан новкъа даьккхина цабевзачу махкахь д1асадаржийначу нохчийн халкъана т1ехь лелийна харцонаш.

13 шарахь сецна лаьттира нохчийн халкъан культура, йозадешар, 1илма кхиар. Цуьнца цхьаьна билгалдаккха дог1у мел чолхечу, халачу хьелашка шаьш х1итторах, вайн дайша лардира  халкъан 1адаташ, г1иллакхаш, ламасташ, дин. Ткъа оцо таро елира нохчашна цхьа халкъ хилла биса. Хьалхах1уьтту чолхе халонаш эшо царна ницкъ лора шайн Даймахке болчу безамо, дайшкара схьадеанчу дерриге а дикачунна тешаме хиларо. Цул совнаха, цаьргахь цкъа ца кхоллалора шайн дайн махка шаьш доьрзург хиларах цатешар.

 Хала а, чолхе а бара х1окху дене болу некъ. Тахана ц1ераш яха хьакъ бу КПСС-н Центральни Комитете, СССР-н Лаккхарчу Советан Президиуме нохчашна тиллина харц ц1е д1аяккхаре, уьш шайн махка берзоре кхойкхуш кехаташ яздина болчу нохчийн тоьллачу к1ентийн ц1ераш. Оцу балхахь къаьсттана а долу маь1на лелийна Мамакаев Мохьмада, Ошаев Халида, Хамидов 1абдуллас, Гайрбеков Муслима, ткъа иштта вевзаш волчу историка, политолога Авторханов 1абдурахьмана, бакъонашларъярхочо Гугаев Салаудис.

Вайн халкъан историн чолхечу аг1онашца доьзна дагалецамийн де ду тахана вай билгалдоккхуш дерг. И чолхе хиламаш бицбан йиш яц вайн уггаре хьалха ишттаниг юха цахилийтархьама.

9-г1а январь вайн халкъан, республикан юхаметтах1отторан де хилла ца 1а, иза нийсо меттах1отторан къоман деза де ду.

Цхьаьнакхетарехь иштта къамелаш дира, Нажин-Юьртара вахархочо Девлмирзаев Висмирзас, Мескитара вахархочо, поэта Джебиев Хьусайна.

Районан культуран отделан «Ламанан аз» ансамблан декъашхоша кечйинера дезчу ленна лерина концертни программа.