Керла маьждиг хир ду Мескитахь

      Комментарии к записи Керла маьждиг хир ду Мескитахь отключены

5700 стаг вехаш районехь, уггаре яккхийчу яртех цхьаъ ю Мескита. Республикехь юхаметтах1отторан мур д1аболабелчхьана социальни декъехь дуккха а хийцамаш хилла бахархойн 1ер – дахарехь.

   Юьртахь, къаноша дийцарехь, 1880-чу шарахь дина шира ду юьртахоша х1инца 1амал еш долу маьждиг. Рузбанан дийнахь Далла 1ибадат дан кхуза бог1учарна гатте йолуш хьал ду тахана х1оьттинарг.

   Х1окху деношкахь хаза кхаъ хилла юьртахошна. 1000 сов меттиг болуш керла маьждиг дийр ду Мескитахь.

   Иза дан билгалдина кхачанан комбинат лаьттинчу меттигехь.

   Керла маьждиг хиндолу меттиг билгал а йоккхуш, кхуза баьхкинчу хьешашна юкъахь вара районан администрацин куьйгалхо Музуруев Асланбек, республикан муфтин заместитель Шахбулатов Арсан-1ела, Россин МВД-н районехула йолу отделан начальник Чалаев Мурад, районан къеда Магамаев Ваха, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, юьртан администрацин куьйгалхо Висамбиев 1умар-Хьаьжа, иштта юкъараллин векалш а.

   Цхьаьнакхетар схьадоьллуш Музуруев Асланбека далийра иштта дешнаш:

   — Бусулба динна тахана санна маьрша зама еана яц: деш, схьадоьллуш ду керл-керла маьждигаш, хьуьжарш. Иштта юхаметтах1оттош бу халкъан син-оьздангаллин х1олламаш, вайн динан берриге ницкъ. Халкъан хиндолчун ойла яр, цу аг1ор ницкъаш ца кхоош къхьегар шеца долуш волчу вайн республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ламанан ярташ кхиорехь билгалйинчу программица вайн районехь дуккха хийцамаш хуьлуш бу адамийн 1ер-дахар тодарна т1ехьажийна. Цунна цхьа масал ду тахана х1окху юьртахь дан долош долу керла маьждиг.

   Къамел деш юкъаваьллачу Шахбулатов Арсан – 1елас элира:

   — Карарчу хенахь республикехь дан долош долчу шийтта маьждигах цхьаъ ду шун юьртахь дан долош дерг. Маьждигаш дог1ар динан билгалонех ду. Церан доладар дин лелош болчу нехан декхарех цхьаъ ду. Лекха волчу Дала шайна  гечдаре а, шех кхоьруш болчу нахана цо йина йолчу ялсамане дог дохуш дика 1амалш еш берш бу уьш.

   Нохчийн Республикан хьалхара Президентан ц1арах йолу фондо ахчанца г1о а деш юьртахь деш долу маьждиг беркате хуьлда шун!

   Керла маьждиг дан долош цхьаьнакхетарехь баркалла элира юьртахоша Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина а.

   Маьждиг д1адуг1учу меттиге капсула а юьллуш д1адирзира цхьаьнакхетар.