Лулахо, юьртахо ларар – коьрта декхар
Дика лулахо – тешам,
Вон лулахо эшам.
Нохчочун 1ер-дахарехь къасттина меттиг д1алоцуш ду лулахочуьнца лело деза г1иллакхаш. Нохчийн цкъа а къанлурдоцуш шира кица ду «Генарчу вешел, уллора лулахо тоьла», — олуш. Цуьнан маь1на ду хьан керта дика-вон деъча я накъосталла оьшуш меттиг т1ех1оьттича, хьалха хьуна орцах вог1ун верг лулахо хирг хилар. Тахана а ширделла дац вайн г1иллакхехь, нагахь лулахо шен кертахь дезо г1уллакх меттаххьадина воллуш гича, цунна г1о-накъосталлина улло волуш хилар. Лулахочун доьзале вон деъча, иза листина даллалц кевнаш д1адоьллу лулахоша. Лулахочунга вон деанехь – шега а вон деана бохург ду иза. Ткъа дика деаъча, иштта диканехь а дакъалоцу дикчу лулахочо.
Ислам-динехь а магош дац лулахочунца к1оршаме, тешамбоцуш, г1иллакх доцуш хилар. Юьртахь, лулахь стаг кхелхича, и стаг волчаьрга а ца кхочуьйтуш д1аверзаво вай. Генахь хан а яьккхина ц1авирзича, уггаре хьалха д1акхелхинчун верасашка кадам бан араволу стаг. Лулахь, юьртахь бехачу нехан вовшашца ларам, г1иллакх хилар ду иза. «Юьртахойн, лулахойн безамах волучул – валар г1оле ю стагана», — олуш ду вайнехан.
Дай-наношца, йиш-вешица, лулахочуьнца, гергарчуьнца, дика хилар вайн Ислам-дино а лерина т1едиллина вайна. Иштта т1едиллина вайна бо-берашца, г1ийлачуьнца комаьрша, дика хилар а. «Ялсамане г1ур ма вац лулахочунна зулам дина стаг», — аьлла Дела дош ду олуш ду дешначу наха.
Вайн иштта хаза г1иллакхаш вайн дайша вайга схьадаларе терра, т1екхуьучу т1аьхьене д1адала доьналла хила декхарийлахь ду вай. Х1окху заманахь дуьне мел ду д1асадевлла, иэделла ду къаьмнаш. Вай дика девзачу кхечу къаьмнийн векалша хаза, дика ц1е йоккхуш долу вайн г1иллакхаш ц1ахь лардина ца 1аш, кхечу халкъийн векалшца а лардеш хила декхар ду х1ора нохчочун. Махкал арахьа нисделча, шайн оьзда г1иллакхаш, ламасташ д1атийса я дицдан ца дезий хууш хила веза наха юкъа волуш волу стаг. Муьлххачу къомана юкъахь вехаш хилчи а, вайн ларам алсам хирболу аг1о ю иза.
Сан дахарехь сайца нисделла цхьа масал даладо аса кхузахь. СССР йохале дара иза. Нохчий г1ирг1азойн махкахь бехачу хенахь тхаьш 1ийначу доьлхуш Ош-г1ала нисвеллера со а, сан накъост а. Жимма мацвелла чайханехь х1ума кхоллуш воллура тхойшиъ. Аьхка арахь тховк1елахь хуьлура церан х1ума кхоллу меттиг. Тхойшиъ д1атарвелла жима хан яьлча, салам а луш тхойшинна т1евеара цхьа хенаро стаг. Тхойша нис а луш хьалаг1аьттира салам схьа а оьцуш. Цо оьрсийн маттахь хаттар дира тхойшинга: «Шуьшиъ нохчо ву, я г1алг1о ву?», — аьлла. «Хьуна муха хиира иза?», — олуш хаттар а деш, тхо нохчийн къомах дуй хаийтира оха цуьнга. Цо элира: «Со дукха хан яьккхина нохчашна, г1алг1ашна юкъахь. Шайга салам делча нисса хьала г1оттуш нах царах бен ца гина суна».
Боккха юхьк1ам хиллера тхойшинна цо вайн къоман иштта мах хадийча. Вайнах махкахбаьхначу шерашкахь ц1ерабаьхна хемшилийн (бусалба эрмало)къомах стаг хиллера иза. Шен гергара мел волу стаг а велла ша цхьаъ висинчу хенахь лулахоша-вайнаха шен дола дар дийцира цо велха а воьлхуш. Муьлххачу къомах хиларх а хьешаца, лулахочуьнца, хийрачу стагаца г1иллакхах ца вуху г1иллакх долуш волу вайнехан стаг. Иштта ламасташ бахьана долуш бог1уш хилла вайна юкъа кхечу къомах болу нах. Цундела ду вайна юкъахь дехаш гонахьарчу къаьмнийн тайпанаш а.
Лулахошца бертахь, тешамие, комаьрша хилар 1аламат деза лерина вайн дайша.
Нохчийн дахарехь уггаре а сийлахь меттиг д1алоцуш синмехалла ю – лулахочуьнца дика хилар. Нохчоллин уггаре дезачу г1иллакхех цхьаъ ду цунна тешаме, дог-ц1ена, лараме хилар. Т1екхуьучу ч1къорана уьш кхоччуш довзийтар – вайн декхар ду.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
