17-чу мартехь – Россин Президентан харжамаш

      Комментарии к записи 17-чу мартехь – Россин Президентан харжамаш отключены

Кечамбар д1ахьош ду

 Хууш ма-хиллара, кху шеран 17-чу мартехь Российски Федерацехь д1ахьур ду Россин Президент харжар. Оцу мехалчу хиламна кечамбар лаккхарчу вовшахтохараллица д1адахьар коьртачу тидаме эцна районан администрацис. Харжамашца доьзна хьалха лаьтта коьрта декхарш билгалдохуш районан администрацин куьйгалхочо А. Музуруевс куьг яздеш т1еэцна кху шеран 24-чу январехь №9 йолу распоряжени. Кхоьллина харжамийн комиссешна оьшу вовшахтохараллин-технически г1одаран белхан тоба. Цуьнан куьйгалхо ву Нохчийн Республикан къинхьегаман, социальни г1одаран министр Баширов 1усман. И тайпа белхан тобанаш кхоьллина меттигера администрацешкахь а.

   Харжаман х1ора а участкана т1еч1аг1бина администрацин аппаратан белхалой, организацийн, учрежденийн, предприятийн куьйгалхой. Цара тергамехь латтор ду участкашкахь долу хьал, практически г1о-накъосталла дийр ду болх вовшахтоха оьшу хьелаш кхолларехь.

   Планаца нийса дог1уш, белхан тобано коьрта тидам т1ебохуьйтур бу харжамхошна юкъахь кхетаман болх д1абахьарна, харжаман участкашкахь хьокъалла доллу хьелаш кхолларна, ярташкахь бахархойн кхерамазалла ларъярна, и.д1. кх.