Къилбаседа Кавказехь вевзина ца 1аьш, туркойн, г1ажарийн мехкашкахь а г1араваьлла ц1е яхана Элстанжойн тайпанах схьаваьлла, Къилбседа Кавказан дуьххьарлера имам Алдара Шайх Мансур вина (Ушурма) гергарчу хьесапехь, 1760-62-чу шарахь Алда юьртара Ша1базан доьзалехь. Мансур дуьнент1е валале, х1инца Веданан районехь йолу Хоттане олучу юьртахь а 1ийна Ша1банан доьзал.
Цуьнан бакъйолу ц1е Ушурма хилла. 1аьрбийн маттахь «Толам», «Тоьлларг» бохург ду иза. Иштта ц1е халкъо яьккхинчохь йисина цуьнан. Жима волуш дуьйна дагахь къур1ан хууш, динца вазавалар ч1ог1а долуш, хьекъална к1оргера хиларца билгалваьлла а хилла Ушурма.
Оцу заманчохь Къилбседа-Кавказехь Ислам динан коьрта меттиг лоруш хилла Дег1аста. Ц1ахь жимма дешначул т1аьхьа, цига деша воьду иза. Дешарна т1ехь уггаре а тоьлла мута1елам хиларе терра, цигара Туркойн махка деша хьажаво Ушурма. Цигахь динан 1илма довзарал сов, дуьненан 1илма а девзира цунна. Къаьсттина тидаме лаьцнера Мансура оцу заманан т1еман 1илма. Дешна а ваьлла, ц1а веъача нохчашна юкъахь Ислам дин ч1аг1деш, 1илма 1амо хьуьжарш алсамйохуш г1уллакхдира. Оцу заманчохь, герггарчу малхбалин пачхьалкхашкахь шайн халкъан маршонехьа къийсамна г1аьттинера курдойн къам. Оцу къийсамехь дакъалоцуш а хилла вайн махкахо. «Цуьнан оьзда амал, дег1ан куц-кеп, онда, довха дош нехан тидам, тешам шена т1еберзош дара», — бохуш яздина тоьшаллаш ду иза вевзинчу историкаша дитина. Цигахь дешна ваьлча, Нохчийчу ц1а воьрзу Алдара Мансур.
Пачахьан 1едало Къилбседа Кавказехь (къаьсттина Нохчийчохь) д1ахьош йолу талорийн экспедицеш чхьагъелла зама хилла 1770-1780 шераш. Лулара г1ебартойн, г1умкийн къоман цхьаболу феодалаш паччахьна муьт1ахь хила дуйнаш а кхуьйлуш, «элийн» дарже а бовлуш хилла. Царна дуьхьал шайн болчу ницкъашца къийсам латтош а хилла ламанца а, аренца а бехачу нохчаша. Мехкан цхьацца йолчу к1ошташкахь сих-сиха г1аттамаш беш хилла иза лан кийча доцучу халкъаша. Нохчийчохь а иштта хьал х1оьттина зама хилла иза.
Иштта чолхе хьал х1оттина а долуш, 1783-чу шарахь г1ебартойн, г1умкийн феодалашна, нохчийн, г1алг1айн лаьтта т1ехь аренца ярташ а йохкуш охьахевжинчу оьсийн колонисташна дуьхьал ондда г1аттам бира нохчийн, г1алг1айн халкъаша. Оццу шеран б1аьстенан юьххьехь нохчашна та1зар дан х1оттийначу 1алашонца Атаг1а юьртана ц1еххьана т1елатар дина, ягийра паччахьан полковник Кохан эскаро. Нохчаша Хан-Г1алахь долчу оьрсийн эскарна т1елатар дира. Атаг1а а ягийна юхавирзича, оцу т1амна т1енисвелира полковник Кох. Цигахь шина а аг1орхьа дуккха адам а леш къиза т1ом хилира. Къийсам кхин а чхьагбелира.
Иштта дуккха нах а бойуш йохийна, ягийна х1аллакйинера нохчийн Терк, Яьсси, Сулак хишна юкъахь нохчийн тайпанаша ехкина ярташ а. Иштта х1оьттина хьал бахьана долуш г1аттам хилира ХV111-чу б1ешеран 60-70-чу шерашкахь г1ачалкхойн 1абду-Разакъ, Абу-Т1ах1ир коьртехь а волуш оьрсийн а колонизаторшна а, дагестанан феодалашна дуьхьал. Нохчийчохь оцу кепара чолхе хьал а долуш шен махка юхавирзира Шайх Мансур.
Оцу боламна хьалхавелира Кавказан дуьххьарлера имам. Цуьнга дика ладуг1ура наха. Кавказан халкъашна юкъахь хьалабелира цуьнан сий-ларам. Халкъ Делан низаме кхойкхуш, маршонехьа болу къийсаман некъ хьоьхуш цо дечу къамело дегнаш ир-кара х1иттадора нехан. Нохчийчохь вевзина ца 1аш, Кавказан массо а халкъашлахь г1аравелира иза.
Имам Мансуран хьехамашка ладог1а йог1ура Кавказан къаьмнийн делегацеш. Адамийн динаца йолу ойланаш ч1аг1ъеш, дуккха а диканиг довзийтира цо халкъашна. Кавказн дуккха а халкъаша зуламе амалш д1атуьйсура цуьнан хьехамашка ладоьг1ча. Цуьнан коьрта 1алашо адам Делан низаме дерзорна т1ехьажийн яра. Барт, ийман, цхьаалла, нийсо йолуш хиларе кхойкхура цо халкъаш. Кхойкхура халкъашка харцонна дуьхьал къийсам латторе. Паччахьан политикана кхераме г1уллакх дара иза. Къилбседа Кавказан дега юккъехь дехачу халкъана юкъахь иштта г1араваьлла баьчча валар кхераме г1уллакх дара колонизаторшна. Ткъа меттигера паччахьна муьт1ахь хила ч1аг1онаш ечу ц1ух1аршна а, элий бу бохучаьрна а къаьсттина кхерам теснера Шайх Масуран тоба денна стамлуш ю бохуш т1екхоьхьучу хаамаша. 1едал шайн Григориполисера, Владикавказера, Г1изларера т1еман ч1аг1онаш герзаца, эскаршца ч1аг1ъян дуьйлира. Иштта герга уьйзира т1еман ницкъ Соьлжа хина гергахь йолчу Мансуран (Алда) юьртана а.
Инарла-поручик С. Потёмкина сихдинера халкъана юкъахь имамана дуьхьал эладита лелор, прокломацеш яржор, кхерамаш тийсар. Оцу хьолах кхеттачу Мансура г1азот кхайкхийра махкахь. Йоццачу хенахь ткъех эзар т1емало х1оьттира Имаман байракха к1ел. Цуьнан коьрта 1алашо яра Кавказан дерриге а къаьмнаш цхьаьна а тоьхна, и ницкъ паччахьан 1едална дуьхьал баккха. Иштта д1аболабелира Кавказан дуьххьарлера Имам Ушурма коьртехь а волуш хилла маршонехьа болу къийсам.
1783-чу шеран гуьйренан юххьехь полковникан Пьерин эскар хьажийра эла Потёмкина Алда юьртана т1елата. 6-чу октябрехь Хан-Г1алин тог1ица боккха т1ом хилира, шина а аг1ор дуккха т1емалой х1аллак а хуьлуш. Иштта т1ом хилира инарла Соколовн эскарца Валаргт1ехь, Гихт1ахь, Г1ойт1ахь, Рошни-чохь. Алдахоша машарна яхийтина делегаци т1е ца ийцира Пьерис. Оцу т1амехь юьйжира Алда. Юрт ягийра. Амма Мансур лаца цавелира полковникана.
Алда юьрт а ягийна юхадирзира Пьерин эскар. Амма Соьлжа хина, Алдина юккъерчу хьуьнах цуьнан эскар х1аллакдира нохчаша. Пьерина, цуьнан эскарна шайн 1ожалла карийра цигахь. Алссам бара йийсаре балийнарш а. Иштта карадеанера тайп-тайпана дуккха а герзаш. Кавказан т1емашкахь мостаг1ашна даккхий дараш а хуьлуш дуьххьара хилла боккха толам бара иза. Шайх Мансуран шен ваша а кхелхира оцу т1амехь.
1785-чу шарахь шен т1емалошца, Г1излар-г1алина гена йоццуш лаьттачу Каргински ч1аг1онна т1елатар а дина, иза ягийра Шайх Мансура. Дукха хан юкъа ца йолуьйтуш иштта т1елатар дира шена чохь 3000 сов т1емало лаьттачу Г1излар-г1алина а. Иза вог1ий а хааделла дукхахболу бахархой бевдда д1аса бахана хилла цигара.
Г1ала схьаяккха ницкъ ца кхечира Мансуран. Ч1аг1о нуьцкъала хиларна, т1емалойн баларш алсамдовла доьлча юха а ваьлла Томски г1ашлойн полкана т1елатар дира Мансуран т1емалоша. Дукха дараш а хуьлуш шайн ч1аг1оне юхаелира Томски полк. Т1аккха шина а аг1орхьара герз т1едетта аьтту белира мостаг1чун. Мансуран т1емалойн Терках сехьа бовла дийзира.
Цигахь хилла иэшам бахьана долуш дуккха а нах юхабевлира цунах. Мансуран шен г1алат дара цигахь толам ца баккхар. Ша т1елатар дале мостаг1чуьнга хаам беш хилла цо. Нуьцкъала герзах доьттина долу паччахьан эскар ницкъана кхин а ч1аг1луш хилла.
Цул т1аьхьа мосазза а, башха кхиам боцуш го лаьцна латтийра цо Григориополисан, Г1излар-г1алин, Мазлакан т1еман ч1аг1онаш.
Вукха аг1ор паччахьан 1едало ахчанца иэца болийра къоман тайпанийн хьалхара нах. Цара дуьхьал бохура нах имамана. Т1амо г1елдинера, мацдинера адам. Байлахь буьсура доьзалш. Эххар ша бахьана долуш 1едал нах хьийзо доьлча, шен лаамехь каравахара иза. Амма лаьцна волчуьра вада карх делира цуьнан. Ша чохь воллучу чоьнан тхов а бохийна ведда г1ебартойн, эдагийн махка д1аваханера иза. Цигахь цара дика т1елецира Мансур. Боккха кхаъ хиллера царна Мансур шайна т1е воьссича. Иза дика кхеттера цхьана нохчийн къомана шенна Росси санна йолчу нуцкъала пачхьалкхана т1ехь толам баккхалург цахиларх. И къаьмнаш вовшахтоха вуьйлира иза. Цигара элий шайн мог1арера бахархошца цхьана т1аьхьах1иттира цуьнан кхайкхамна. Ушурмин т1емалой кхин а алсамбевлира.
