Саг1а даьккхира

      Комментарии к записи Саг1а даьккхира отключены

   Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) саг1а доккхуш дуккха адам вовшахкхеттера Бенахь. И мехала г1уллакх вовшахтоьхнера  районан администрацин д1адолорца. Нохчийн Республикан Куьйгалхочун г1оьнча Хататаев Амхьад, республикан къинхьегаман социальни кхиаран, министр Баширов 1усман, районан администрацин куьйгалхо Музуруев Асланбек, яртийн администрацийн куьгалхой, яртийн имамаш, 1еламнах, районан бахархой баьхкинера Ахьмад-Хьаьжина доккхучу саг1ане.

   Вайн махкана Ахьмад-Хьаьжех даьллачу беркатах а, цо д1акхехьначу нийсачу некъах а, цуьнан турпалчу дахарх а лаьцна къамел дира районан къедас Магамаев Вахас. Цо далийра иштта дешнаш:

   -Массо а х1уманна т1ехь шех масал эца къонахалла йолуш стаг вара Ахьмад-Хьаьжа. Доза доцуш беза, жоьпаллин мохь бара цо шена т1елаьцнарг. Амма шен къам безачу балех хьалхадаккха ницкъ кхечира цуьнан. Къомана шен са, дахар, дуьне д1аделла Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).

   Дала ма эшабойла вайна и санна болу къонахой!

   Дала къобалдойла Ахьмад-Хьаьжина даьккхина саг1а!

   Иштта Бенара коьртачу маьждигехь делкъа ламаз динчул т1аьхьа дийшира мовлид а. Дийкъира саг1ийн дакъош.