Районан образованин профсоюзан декъашхойн ламаст хилла схьадог1уш ду тайп-тайпана сада1аран мероприятешкахь вовшахкхетар.
Х1окху деношкахь образованин профсоюзан Рессоветан Нажин-Юьртан районехула волу векалан Чанкаев Минкаилан д1адолорца районехь д1аяьхьира профсоюзан жигархошна лерина вовшахтоьхна сада1аран суьйре. Цигахь дакъалоцуш бара районан юккъера юкъарадешаран, т1етоьхначу образованин профсоюзан организацийн куьйгалхой, жигархой, ветеранаш.
Чанкаев Минкаила а, цхьаьнакхетаран мероприяти д1ахьош йолчу районан т1етоьхначу образованин профкоман председатела Исрапилова Манжаа а, районан образованин профсоюзан аппаратан коьртачу говзанчас Жамиева Мархас а довха, лараме, хастаме дешнаш ца кхоош маршалла хаттарца д1айолийра и самукъане сада1аран суьйре.
Чанкаев Минкаила баркаллин дешнаш элира районан образованин, т1етоьхначу образованин профсоюзан жигархошна, ветеранашна, къаьсттина сада1аран суьйре вовшахтухуш дакъалаьцначаьрна. Иштта мехала самукъане суьйре вовшахтохарна профсоюзан белхалойн ц1арах баркаллин дешнаш элира профсоюзан ветерана Алиева Элимас, Зандакъара юккъера юкъарадешаран школан профкома Несерханов Аюба, ветеранийн ц1арах — Мескитара юккъера юкъарадешаран школан профкома Айдамирв Соьлес. Иштта къамелаш дира Гилнара юккъера юкъарадешаран школан профкома Гайбулатова Тоитас, районан образованин профсоюзан аппаратан коьртачу говзанчас Жамаева Мархас и. д1. кх.
Иштта юкъ-кара вовшашца самукъадолуш, т1е-каре довла йиш йолуш, вовший хьал-де хаа, ган, цхьаьнакхета аьтту болуш хилар доккха зовкх, хазахетар ду денна балхахь, г1уллакхехь къахьоьгушболчарна.
