Таллам бира г1ишлошъяран объектехь

      Комментарии к записи Таллам бира г1ишлошъяран объектехь отключены

Газето хьалха билгалдаьккхина ма – хиллара, Ямсу хина аьру аг1ор йолчу Айти –Махкана чуйог1учу майданахь кхо шо хьалха дуьйна ян йолийна 1ер – дахаран г1ишлош. Цаьрца цхьаьна хир ю социальни маь1не йолу объекташ а.

   Оцу белхалошца цхьаьна, Ямсу хина туьллуш ду шиъ т1ай, хи ц1андаран комплекс.

 Хи ц1андаран комплексах лаьцна дерг аьлча, иза ю арахьара квартирашна чудог1у хи ц1андеш, Ямсу хичу дерзорна лерина. Суткехь 500 кубометр хи ц1андеш литта ницкъ кхочур бу оцу комплексан.

   Керла ечу комплексехь таллам беш хилира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта.

   Цхьаьнакхетарехь «Дорстройкомплект» предприятин участкан прораба Джарлаев Вахас билгалдаьккхира карара шо чекхдалале хи ц1андаран комплекс эксплуатаце д1аяла сацам хилар, бина бевлла белхаш 75% хилар а.