Бераш 1алашдаран Дуьненаюкъара де т1екхочуш даздаран мероприяти хилира пенсионни фондан клиентски службин актови зала чохь. Кхуза кхайкхина бара райцентран школашкара бераш, къаной, кегийнах.
Гулбеллачарна хьалха къамел деш юкъаяьллачу Россин пенсионни фондан районехула йолу клиентски службан куьйгалхочо Дужиева Камиллас билгалдаьккхира дуьненчохь массанхьа а санна вайн махкахь а х1ора шарахь 1-чу июнехь берийн деза де билгалдоккхуш хилар.
— Бераш – вайн ирсе кхане ю, — элира цо. – Тахана церан дахар ирсе хилийтархьама 1едало социальни декъехь вовшахтухуш дуккха а пайде г1уллакхаш ду. Уьш т1ехьажийна ду цаьрга дешийтарна, дахаран нийса некъ харжарна, Даймехкан бакъболу патриоташ хилла д1ах1иттарна. Дагардан кхин а дуккха ду уьш.
Бераш г1иллакх – оьздангалла йолуш кхетош-кхиорехь дуккха а дозу баккхийчарах. Коьрта ду берашна шайн къоман истори йовзар, иштта турпалхой бовзар. Иштта т1аьхье вайн кхуьург хиларх тешна а ду вай.
Дакъалоцуш хиллачу бераша йийшира Даймахках, турпалхойх лаьцна стихаш.
Цхьаьнакхетарехь дакъолоцуш вара районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта, «Халкъан дош» районан газетан отделан редактор Инеркаев Яхьъя.
