Кхиоран новкъа
Баьццара басахь лекха баьрзнаш, тайп-тайпанара стоьмийн хьаннаш, лаьмнийн басешца кхуьу бошамаш, ц1ена, шийла, дарбане шовданаш, чехка хиш, анайист д1алаьцна стигала кхийда лекха лаьмнаш, царна юкъахь к1айчу морхаша хьоьсту лайх дуьзна лекха лаьмнийн баххьаш, иштта исбаьхьчу 1аламах д1аийна хаза гуш бу тахана Нажин-Юьртан районан мохк.
Ишттачу 1аламан инзаре исбаьхьалла, хазалла ган таро хир ю Нохчийчоьнан къилба – малхбалехьара Дагестанан Новолакски, Казбековски, Гумбетовски районийн дозанашца йозучу Нажин-Юьртан к1оште б1аьрг тоха веанчунна.
Д1адаханчу шарахь 100 шо кхаьчна Нажин – Юьртан район кхоьллина. Цул хьалха Веданан округана чуйог1у 2-г1а участок хилла иза. 1923-чу шарахь Нохчийн областан ревоюционни комитетан сацамца районан статус елира цунна.
Цул т1аьхьа ши шо даьлча, 1925 – чу шеран 15-16-чу июнехь Нохчийн областан исполкоман администрацин комиссин сацамца районах Нажин –Юьртан округ кхоьллира. Оццу шеран гуьйранна, 14-чу сентябрехь Нохчийн областан исполкоман Президиумехь бинчу сацамца районан ц1е, «Яссински» ц1арца хийцира. Цхьа бутт а балале юха а хийцира районан ц1е, 23-чу октябрехь областан ЦИК-н лахара президиуман сацамца район Сесанан ц1арца хийцира.
1926-чу шеран 8-чу мартехь областан 1едало Нажин-Юьртан ц1арах юхакхоьллира округ.
Нохчийн халкъ нуьцкъаха махках даьккхинчу 1944-чу шеран 7-чу мартехь Нажин-Юьртан округ Дагестанан автономин республиках д1а а тухуш, Андалалски район йира. Цул т1аьхьа 13 шо а даьккхина вайнах ц1абирзича, 1957-чу шеран 10-чу апрелехь вайн район Нохч-Г1алг1айн автономина юкъахь юхаметтах1оттийра.
Республикан коьрта г1алина генахь (110 км) а, ламанца йолчарах а цхьаъ ю вайн район. Карарчу хенахь 629 квадратан метран махка т1ехь 56 эзар, 301 гергга вахархо ву кхузахь 1ер – вахар долуш. Районехь 22 юьртан администрацина юкъайог1уш 53 юьрт ю. Оцу ярташкахь болх беш ю 56 дешаран а, 35 школал хьалхара дешаран а учрежденеш. Иштта болх беш ю 43-дарбадаран-профилактикан, 75 культуран учреждени а.
Карарчу хенахь районан аграрни секторна юкъайог1уш ю 8 госхоз. Церан долахь билгалдаьккхина 18,5 эзар гектар латта. Цуьнах 3,5 эзар гектар латта дуьйш – дерзоран балхана лерина ду. Альпийски дежийлашна юкъадог1у 700 гектар гергга латта. Хьаннаша д1алоцу 32, 2 эзар гектар. Иштта кондарша 3 эзар гектар.
Промышленни декъехь болх беш ю асфальтан заводаш.
Махкахь дуккха а дика ц1ейоккхуш нах схьабевлла мохк бу Нажин – Юьртан район. Кхузара схьавалар долуш ву Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьажа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан), олимпийски ловзаршкахь парг1атчу кепара охьатохаран къийсадаларийн шозза чемпион – Сайтиев Бувайсар, ХХХ-чу олимпийски ловзарийн оццу спортехула чемпион волу – Отарсултанов Джамал, дуьненан, парг1атчу кепара охьатохарехула Европин, Дуьненан масийттаза чемпион волу Хасимиков Салман.
Иштта вайн районера схьабовлар долуш бу республикехь, республикал арахьа г1арабевлла бевзаш болу 1илманан, литературин, культуран г1уллакххой: яздархой – Гадаев Мохьмад – Салахь, Айдамиров Абузар, Кусаев 1адиз, Шайхиев 1алвади, Сайдулаев Хьасан, иштта кхиберш а.
1илманчаш Гапуров Шарпуди, 1илманан Академин вице-президент Дадашев Мохьмад, Албеков Нурвади.
Районехь, къоман культура юхаметтах1оттош къахьегна болу культурин белхалой Эльмурзаев Бека, Церебицев Элимар, Бушуев Мохьмад, Салманов 1илман, Усманов 1имран, Дадашева Тамара, Абдурашитова Кузани, Идрисов Ризван.
Дуккха а ю районехь еза меттигаш а. Районан 11 юьртахь 15 зиярат ду. Царна юкъахь ду эвлияийн Сесанара Ташу – Хьаьжин, Симсарара Г1еза –Хьаьжин зияраташ а.
Историн, культуран т1аьхьалонан мехаллин объекташна юкъадог1у Мескита, Ц1оьнтара, Г1оьрдала, Гендаргана ярташкара шира маьждигаш, Чуьрчу-Ирзера Гадаев Мохьмад — Салахьан а, Мескитара Айдамиров Абузаран а литературни мемориалан музейш. Иштта Гадаев Мохьмад – Салахьан Ц1ен — Бердехь х1оттийна х1оллам а.
К1еззиг яц районан ламанца 1аламан хазаллин, сада1аран, туризман объекташ а: Селиматан барз, Дюрин-лам, Ишхе-лам, Атай-корта, Яссин-корта, Яссин чухчаре, Шира Бена, Аьхка-т1ай и. д1.кх. Дукха хуьлу сада1а, 1аламан хазаллех дезар иэца бог1у хьеший а. Цкъа кхузахь хилларг юх-юха а шена т1еийзош хаза 1алам долуш мохк бу Нажин Юьртан к1оштан мохк.
