Кхуьуш, хазлуш Бена 

      Комментарии к записи Кхуьуш, хазлуш Бена  отключены

   Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь дикачу аг1ор хийцамаш хуьлуш тоделла Бена юьртара администрацина чуйог1учу ярташкара бахархойн 1ер-дахаран хьелаш. Нах беха х1усамаш юхаметтах1иттийна ца 1аш, кхузахь ялийна газан, токан керла линеш, далийна молу хиш, ярташка дехкина асфальтан керла некъаш. Ткъа иза а дахаран цхьа аг1о бен яц.

   Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан д1адолорца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!)  ц1арах йолу  региональни юкъараллин фондо ахчанца г1о деш социальни декъехула яккхийн г1ишлош йина Бенара администрацина юкъайог1учу ярташкахь. Царах ду 1500 стагана лерина маьждиг, Пхьачу юртахь йина хьафизийн школа, «Горный Беной» берийн могшалла меттах1отторан лагер, Денги юртахь йина «Беной» т1еман-патриотически комплекс.  Иштта, «Шира Бена» этнографически музей ю кхузахь шена чудог1уш хьешан ц1а, ресторан йолуш.

   Охьадог1уш ламанан хи а долуш, 1аламан уггаре хазачу Ахка олучу меттехь туристашна лерина йина ханнийн х1усамаш. Сада1а баьхкинчу туристашна эвххьаза буьйса яккха, сада1а тойина меттигаш ю кечйина.

   Бенахь керла туристически маршруташ схьайилличхьана Республикан арахьара дуккха а бахархойн таро хилла лакхахь вай йийцинчу меттигашка бахка а, цигахь садо1уш самукъане хан д1аяхьа а. Шеко яц туристийн мог1арш алсамдолуш хиларан, вайн лаьмнийн хазалла, комаьршалла махкахь, махкал арахьа г1араериг хиларан а.