2024 – г1а шо – Нохчийн къоман историн, архитектуран, культуран т1аьхьалонан шо 

      Комментарии к записи 2024 – г1а шо – Нохчийн къоман историн, архитектуран, культуран т1аьхьалонан шо  отключены

 Нана – Нашха

     Б1аьвнийн мохк — Нашха Къилбседа Кавказан юкъаметтера уггаре а ламанца йолчу Галанч1ожан районан Гехин, Рошнин хишна юккъера мохк бу. Хьайбаха, Х1ийлаха, Моц1арой, Аьжгечу, Бак1ин-К1отар, Б1овн-Ара, Гичу-К1отар, Зархие, К1айчуюххе, Ковхие, , Лакха-Аьжгечу, Моцкъара, Моц1ара, Нохчийн-К1отар, Мушечу, Рошничу, Тангичу, Ч1армаха, Тестарха, Яхкачара, Т1ийста,  иштта д1а кхийолу а шира ярташ Нашхара ю .  

     1944-чу шарахь, Нохчий махках баххалц, нохчийн шортта ярташ а, к1отарш а йолуш, дахар кхехкаш мохк хилла Нашха. Ткъа д1айолчу ханна къоман историн, архитектурин, культуран т1аьхьалонан мехала объект лара хьакъ ю и нохчийн шатайпа исторически маь1не объект.

     Цхьаболчу 1илманчаша вайн буххера тайпанаш схьадевлла меттиг лору Нана-Нашха. Вайн махкахь а, махкал арахьа а ц1ейоккхуш вевзаш волчу 1илманчас, яздархочо, историка Нунуев Хьамзата иштта даьстина, «Х1унда лору х1ора нохчочо шен схьавалар Нашхара?», боху хаттар:

   — Нохчийн Нашхойн махкаца йозуш йолу истори юккъера, къаьсттина Х111 – ХV11 б1ешерашкара, схьайог1уш йолу зама ю. Нохчийн къоман буххера истори кхин а ширчу замане д1айоьду. Мадарра аьлча, вайн истори кхин а генара 5-7 эзар шо оьмар а йолуш, Къилбседа-Кавказан дозанеара Месопотамера Тигр, Евфрат хишна т1екхачалц яьржина йолу  Майкопски а, Куро – Аракски а археологически культурийн юкъайог1у.        

     Вай лакхахь ц1еяьккхинчу 1илманчас ч1агдарехь, Х111 – ХV11-чу б1ешерашкахь г1езалой – монголийн, г1ирмойн — г1езалойн, Астаг1а Тимаран г1еранашца д1абаьхьначу къийсамехь нохчийн къам къаьсттина жимделла. Аренгара т1ом лекхачу ламанца йолчу Нашха бирзина. Ламанан хьелашкахь т1еман кайолуш хилла вайн т1емалойн. Цигахь мостаг1ашна дуьхьало ян а, шаьш ларбала а аьтту хилла церан. Масех шарахь лаьттина иштта хьал Нашхойн ломахь. Дукха мостаг1ий х1аллакбина цара. Иштта церан олаллина к1ел цабахархьама леташ жимделла къам. Кхин уьш къарбан ницкъ а ца кхаьчна д1абахана цигара мостаг1ий.

    Иштта Нашхахь хенан йохалла юхаденделла нохчийн къам. Т1аьхь-т1аьхьа дебаш, юха а шайн хьалха хилла мехкаш юхаденбеш д1аса а даьржина. Цундела лору тахана а х1ора нохчочо Нашха шен къоман ага.

    Нашхахь хилла нохчийн «Къанойн кхеташонан» коьрта урхалла, «Къоман мух1ар» «Къоман тептар», тайпанийн ц1ераш т1ехь йолу «Къоман яй» а.

    1944-г1а шо кхаччалц Нашхойн махкана чуйог1уш 145 юрт, отарш а хилла. Нашха юкъайог1уш йолу Галанч1ожан район 2012-чу шарахь Нохчийн Республикан Парламентан сацамца юхаметтах1оттийна.

    Нашхахь йоханза йисина иттаннаш историн, культурин шира б1аьвнаш, кешнаш, ч1аг1онан шира г1ишлош. Нохчийн Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзанан д1адолорца 2012-чу шарахь дуьйна  Нашха юхаденьяран белхаш а бу болийна. Даламукълахь, вайн къоман исторически кхерч – Нашха хазъелла, тоелла д1ах1оьттина хан а йог1ур ю.

    Дала т1аьхье беркате йойла вайн!