Полиомиелитана уьнна дуьхьал вакцинопрофилактика ярх лаьцна

      Комментарии к записи Полиомиелитана уьнна дуьхьал вакцинопрофилактика ярх лаьцна отключены

  Полиомиелит цамгар дукха геннара дуьйна евзаш схьаеана цамгар ю. Иза хьакхало дукха хьолахь кегийчу берашна. Шен хенахь цунна дуьхьал долу молха-маха ца лелийча, бераш сакхат дисина меттигаш дукха ю. Цундела 1едалан барамехь, Къоман календарца нийса а дог1уш, х1ора шарахь полиомиелитана дуьхьал еш вакцинаци ю.

   Халахеташ делахь а, ярташкахь вакцинаци д1ахьочу муьрехь бераш лоьрашна т1е ца далош, доцу бахьанаш а лоьхуш, меттигаш нислуш ю вайн районехь а. Масала а, берашна вакцинаци ца йойтуш дуьхьал бевллачу дай-наношна юкъахь бу Нажин-Юьртара, Айти-Махкара, Оьси-Юьртара, Мескитара, Бенара, Бена-Веданара цхьаболу бахархой. Церан берийн спискаш ю районан больницехь.

   Нохчийн Республикан Правительствос т1еэцначу распоряженица, республикехула йолу пачхьалкхан коьрта санитарни лоьран сацамца т1едехкинчу декхарша полиомиелитана дуьхьал вакцинаци ярах мокъа ца волуьйту цхьа а. Хаамийн г1ирсашкахула, меттигера 1едалца, динандайшца, юкъараллин векалшца вай дерриге а цхьаьна орцах довла деза бераш хенан йохалла сакхат хиларх 1алашдарх а. Берашна шаьш дика болх бо а моьттуш, галл некъ бу цара юьхьарлаьцнарг. Вочух шен хеннахь ларвелларг, Дала а ларво.

   Лераме дай-наной! Ледарло ма е шайн берашна, шен хеннахь  полиомиелита дуьхьал дарба леладайта.