Мескитара коьрта, Айти –Махкара юккъера юкъарадешаран школашкахь д1ахьош бу спортан залаш яран белхаш. Динчу г1уллакхийн хьесап дича тахана шина а школашкахь чекхбаьхна г1ишлойн пенарш доттаран белхаш. Тхевнаш тахкарца цхьаьна сихачу боларшца д1ахьош ду хьахаран, сир-кир даран г1уллакхаш а. Г1ишлошъярхоша билгалдаккхарехь, шиа а объект эксплуатаци д1алур ю дешаран керла шо т1екхочуш. Цо таро лур ю школашкара дешархошна спортехь шайн хьуьнарш гайта.
Спортан залаш ечохь талам беш хилира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима, районан къанойн кхеташонан председатель Зайпулаев 1умарсолта.
Талламхой резахилира г1ишлошъярхойн белхашна.
