2024-г1а шо- Нохчийн халкъан историн, архитектурин, культуран т1аьхьалонан шо

      Комментарии к записи 2024-г1а шо- Нохчийн халкъан историн, архитектурин, культуран т1аьхьалонан шо отключены

 Хорачара «Йоь1ан к1ажар» шовда          

Веданара хьала ламчура Къоьзана 1ома т1е боьдучу некъаца цхьа шатайпа исбаьхьа, тамехь чам болуш шира шовда ду. Халкъалахь «Йоь1ан к1ажар» олу цунах. Нохчийн Республикан историн, 1аламан, культуран т1аьхьалонан мехаллин меттигашна юкъадог1уш ду и шовдв. Вог1у-воьдург т1ех ца волу оцу шовданах чам ца боккхуш. Дукха ширчу хенахь дуьйна юьртан малхбузехьара лаьмнех схьадолуш охьадог1у халкъо «Йоь1ан к1ажар» аьлла ц1е тиллина и хаза шовда. Б1ьрг тоьхча мехкарийн к1ажарх тера долу дела тиллина олу цунна наха иштта хаза ц1е.

   Ломара охьа хенан йохалла ша шена т1улган басех чорг1и а даьккхина охьадог1уш ду и исбаьхьа шовда. Нохчийн къоман фолклорехь дйцар а ду «Йоь1ан к1ажар» шовданах лаьцна. Ца хезначарна и шира дийцар довзуьйту вай.

   «Кхузара йо1 а, к1ант а хилла вовшашка ч1ог1а безам болуш. Цхьана кхетта, керла дахар доло лууш хилла и шиъ. Амма йоь1ан да-нана реза ца хилла церан захалонна. Т1аккха цаьршинан барт хилла къайлах цхьаьна а кхетта къайладала. И хааделла т1аьхьаваьллачу дас геннара т1аьхьаластийна шаьлта кхетта йо1ана. Йо1 ялайоьжна. Ломан басех охьаяьржинчу йоь1ан к1ажарех шолг1ачу дийнахь шовда доладелла гина нахана. Зевне декарца, маьлхан з1аьнаршлахь лепарца ша шена чорг1ин некъ боккхуш охьаоьху исбаьхьчу шовданна «Ирс дайначу йоь1ан к1ажар», аьлла ц1е тиллина цигарчу бахархош». Иштта шина тайпана йоккху халкъо цуьнан ц1е.

   Иштта кхин а цхьа шира дийцар а ду цуьнах лаьцна:

   «Эла йо1 хилла кхиъна йог1уш. Махкахь а ц1е йоккхуш хаза йо1 хилла иза. Гена воццуш вехаш шен доьналлица, майраллица, оьздангаллица г1араваьлла к1ант везавелла йо1ана. К1антана а езаелла йо1. Иштта юьртара хьалдолу кхин цхьа к1ант а хилла йо1е безам болуш. Цо шен захалаш бахийтина дега йо1 еха. Дас дош делла хилла йо1 д1аяла. Элан йо1 реза ца хилла оцу захалонна. Т1аккха шена везачу к1антаца едда лаьмнашка яхана йо1. Лаьмнашка хьалабоьлху уьш гина цхьа стаг мотт эцна вахана йо1ан дега. Цо ондда мах а бехна йийцина дега уьш д1алевчкъина меттиг. Ломахула хьалабовлуш т1екхиъначу дас т1аьхьа тоьхначу тоьпан д1аьндарг йо1ана кхетта. Йо1 охьайоьжча ломах чу кхазаеллачу к1ажаршца йоь1ан чевнах охьахьаьддачу ц1ийх шовда хилла. Халкъо «Йо1ан к1ажар» аьлла ц1е тиллина цунна. Иштта безаман декъаза кхолламах даьлла шовда ду олу цунна.

   Тахана хийла вог1у-воьдучун хьогалла йойуш, наха ларам беш деза лоруш ду и шовда. Шовдана майданахь д1ах1оттийна Харачойн г1араваьллачу къонахчун – Харачойн Зеламхин а, цуьнан хиллачу динна а х1иттийна дагалецаман х1олламаш бу.

   Тахана вайн республикан историн, 1аламан, культуран т1ахьалонан цхьа  дакъа хилла д1ах1оьттина Хорачуьра «Йоь1ан к1ажар» ц1е йолу исбаьхьа ламанан шовда.