Районан коьртачу майданахь бу Нохчийн Республикан хьалхара Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад –Хьаьжина, Нохчийчохь машаран дахар лардеш кхелхинчу полицин белхалошна, Сийлахь – боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархошна х1иттийна х1олламаш.
Ламаст хилла схьадог1уш ду «Единая Россия» партин меттигера отделенис х1олламийн терго еш, санитарни хьелаш лардеш, кест-кеста субботникаш д1аяхьар. Иштта х1окху деношкахь партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчаша Матрашов Сулимас, Цербицева Хьавас, партин векалша – «Халкъан дош» газетан отделан редактора Инеркаев Яхьъяс, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас, Замай – Юьртан поселенин депутата Даудов Аптис дика г1уллакхаш дира майда куьце ялош.
