Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш даздарш хилира районехь

      Комментарии к записи Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш даздарш хилира районехь отключены

Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 73 шо кхачарна лерина даздаран мероприяти хилира. Усманов 1имранан ц1арахчу районан культуран Дворецехь. Цига гулбеллера предприятийн, организацийн, учрежденинйн, яртийн администрацийн куьйгалхой, белхалой.

Даздаран мероприятин дакъалацархошна хьалха къамел деш юкъаваьллачу районан куьйгалхочо Селимханов Султана элира:

— Х1окху деношкахь 73 шо кхочу Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина. Нохчийн исторехь шел т1аьхьа цо дитинчу дикачу г1уллакхашца халкъан иэсехь гуттар а ваха висина иза.

1999-чу шарахь иза хьалхаваьлла г1еттина цахиллехь, хала ду тахана вай мича хьолехь хир дара ала.

Тахана, иза воцучу хенахь, къаьсттина а б1аьрла го оцу стага халкъан а, мехкан а дуьхьа динарг. Уггаре хьалха цо шен букъ т1ехьа лецира массо а тайпана бакъонех даьхна хьийзо адамаш.

Хала а, кхераме а бара Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна некъ. Даима а туьйсуш бара кхерамаш, тешнабехкаш барца бойура юххера накъостий, гергарнаш. Делахь шен халкъана бег1ийла дерг дан юкъйихкина араваьлла иза и юкъ ца йостуш д1акхелхира.

Ахьмад-Хьаьжин ц1арца боьзна бара вайн республикехь хила боьлла хийцамаш. Xlopa а юьртахь бохург санна хаадала дуьйлира парг1атчу дахаран аматаш.

Дуккха дира Кадыровс цхьацца харц ойланаша корта хьовзийна, цхьаъ моьттуш, цхьана хенахь кара герз эцна болу кегий нах машаречу дахаре юхаберзорхьама.

Ахьмад-Хьаьжас гlo-накъосталла дар бахьанехь бахархойн дахаран-1еран хьелаш тодарна т1ехьажийна дуккха дина вайн районехь а. Шен хенахь цо гlo даро таро елла районан ярташка газ ялоран программа кхочушъян. Цуьнан ц1арца доьзна ду дуккха кхидолу г1уллакхаш а.

Цуьнан беркатечу д1адолоран т1аьхье ю республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн ярташкахь юхаметтах1иттийна, керла йина б1еннаш объекташ эксплуатаце д1аелла хилар. Уьш ю школаш, могашалла 1алашъяран учрежденийн г1ишлош, некъаш, т1айш, маьждигаш.

Хенал хьалха, шен халкъ ирсечу дахаре кхачо юьхьарлаьцна дуккха а г1уллакхаш бухадуьсуш д1акхелхира Ахьмад-Хьаьжа. Вайн тоьллачу къонахойн хьалхарчу мог1арехь ц1е йоккхуш гуттаренна а вайн дагалецамашкахь лаьтар ву ичолхечу, цуьнца цхьана сирлачу кхолламан стаг

Дала г1азот къобалдойла цуьнан!

Селимханов Султана даздаран хьолехь Россин гражданийнан паспорташ д1аделира районера дейтта шо кхаьчначу кхиазхошна.

Даздаран мероприятин дакъалацархошна концертан программа кечйинера «Ламанан аз» халкъан ансамблан тобано.