Хьалхарчу сентябрехь дешаран 2024-2025-г1а шо д1адоладелла районан 52 юкъарадешаран школашкахь. Школашкхь бийки хьалхара горгали. Х1окху шарахь школашкахь доьшуш хир ву, герггарчу хьесапехь, 8343 дешархо, царна хьоьхуш хир ву 1220 хьехархо. Хьалхарчу классехь деша дуьххьара школе деана 750 бер.
Хьалхара горгалина лерина массо а школашкахь д1аяьхьира даздаран линейкаш. Цигахь дакъалецира районан администрацин, образованин отделан, учрежденийн куьйгалхоша, говзанчаша, берийн дай-наноша, юкъараллин векалша. Цара даггара декъалбира дешархой, хьехархой, берийн дай-наной т1едеанчу дешаран керлачу шарца. Дешарехь, юкъараллин дахарехь кхиамаш хиларца х1ара дешаран шо билгале шайна хила лаар д1а а хаийтира цара.
«Халкъан дош» газетан корреспондент хилира Согунт1ара юккъера юкъарадешаран школехь. Билгалделира школехь хьалхара горгалина лерина хьехархойн коллекто дика кечам бина хилар.
Районан массо а школашкахь санна, хьалхара сентябрь боккъалла а деза де хилла д1ах1оьттира Согунт1ара юккъера юкъарадешаран школехь а. Х1окху дешаран шарахь школехь доьшуш хир ду 136 бер ( 10 бер хьалхарчу классе деана ), царна хьоьхуш ву 22 хьехархо. Хаарийн денца дешархойн, хьехархойн коллектив декъалъян баьхкинчу хьешашна юкъахь бара берийн дай-наной.
Дешаран керла шо д1адоладаларца декъалдаран дош олуш къамел динчу школан директора Такаев Маг1арбис элира:
— Адамийн дахарехь хьехархо, дешархо боху ши дош даима а хилла вовшашца доьзна. Х1унда аьлча, жимачохь дуьйна а беро шен хьехархочун хадийна мах башха г1алат ца хуьлу. Бер кхетош-кхиор ден, ненан декхар хилар хууш ду. Вайн т1екхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиорехь коьртаниг тхох дозуш хиларе терра, оха даима а тхайн белхан 1алашо лерина дешархой оьзда, г1иллакхе, дика хаарш долуш кхиор. Школан коллективан х1окху керлачу шарахь а 1алашо ю берийн хаарш лакхадохуш хьанал къахьега.
Кхид1а а шен къамелехь Такаевс билгалдаьккхира вайн республикан куьйгалхоша образованин декъехь къахьоьгуш йолу коллективаш, дешархой дешаран керлачу шарца декъалбина хилар.
1-чу классан дешархоша йийшира стихаш, зезагаш делира хьехархошна. Бийкира хьалхара горгали.
