Вайн махкахь ламаст хилла схьадог1уш ду х1ора шарахь школашкахь дешаран хьалхара де даздар. Д1адоладели школьникийн, студентийн юкъарадешаран керла шо. Аьхкенан каникулашкахь садаь1начул т1аьхьа юха а бийки 2024-2025-чу дешаран шеран хьалхара горгали, юха а декаш хеза берийн самукъане аьзнаш. Иштта шайн керлачу дешаран шеран хьалхарчу горгалин Де даздеш билгалдаьккхира Нажин-Юьртара №2 йолу школан дешархоша, хьехархоша, дай-наноша.
Даздар мероприяти д1айолийра Россин Федерацин, Нохчийн Республикан шатлакхан иллийш декарца. Цигахь дакъалецира «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулимас, районан къанойн кхеташонан председатела Зайпулаев 1умарсолтас, РОО-н коьрта говзанчас Саиева Марьяма, «Халкъан дош» газетан белхалочо Инеркаев Яхьъяс, иштта районан дешаран учрежденин векалша, берийн дай-наноша. Цара даггара декъалбира дешархой, хьехархой, берийн дай-наной т1едеанчу дешаран керлачу шарца. Дешарехь, юкъараллин дахарехь лаккхара кхиамаш хиларца карара дешарн шо къаьсттина билгале хила лаар д1ахаийтира цара. Билгалделира, школехь хьехархойн коллективо хьалхара горгалин денна лерина кечам кхачойоллуш дика бина хилар.
Районан массо а школашкахь санна, хьалхара сентябрь боккъалла деза Де хилла д1ах1оьттир №2 йолчу школехь а. Х1окху дешаран шарахь школехь доьшуш хир ду 191 бер. Царна хьоьхуш хир ву 16 хьехархо. Хьалхарчу классе деша дог1ур ду 17 бер.
Дешаран керла шо д1адоладаларца декъалдаран дош олуш къамел дира школан директора Магомедов Адамхьаьжас. Шен къамелехь цо элира:
-Адамийн дахарехь хьехархо, дешархо боху ши дош даима а хилла вовшашца доьзна. Х1унда аьлча, жимчохь дуьйна а беро шен хьехархочун хадийна мах башха г1алат ца хуьлу. Бер кхеташ-кхиор ден, ненан декхар хилар хууш ду. Делахь а вайн т1екхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиорехь коьртаниг тхох дозуш хиларе терра, оха даима а тхайн белхан 1алашо лерина дешархой оьзда, г1иллакхе, дика хаарш долуш кхиор. Х1окху керлачу дешаран шарахь тхан 1алашо ю берийн хаарш ма-хуьллу лакхадахарехьа къахьега.
Кхид1а а шен къамелехь Адамхьаьжас билгалдаьккхира вайн республикан куьйгалхоша образованин декъехь къахьоьгуш йолу коллективаш, дешархой дешаран керлачу шарца декъалбина хилар.
Школехь д1адаьхьира Россин Федерацин, Нохчийн Республикан байракхаш хьалаайар, классашкахь д1аяьхьира машаран урокаш. «Единая Россия» партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас лакхахь ц1ераш яьхначу хьешашца цхьана 5-чу классехь д1аяьхьира машаран урок.
Дешаран керлачу шарна лерина даздаран мероприятийш хилира районан массо школашкахь а.
