Хьехархочун денна лерина даздаран мероприяти хилира районан культуран Дворецехь. Цига гулбеллера дешаран учрежденийн куьйгалхой, хьехархой. Даздаран мероприятехь дакъалоцуш вара районан администрацин куьйгалхочун заместитель Исмаилов Ахьмад, районан образованин отделан заведующи Зубайраев Сайпудди.
Даздаран дакъалацархой, районан берриге хьехархой декъалбеш къамел дира А. Исмаиловс:
— Кхана шайн лаамехь дахаран новкъа бевлла, махкана пайде гражданаш хилла д1ах1итта беза кегий нах, мехкарий кхетош-кхиоран декхарш школана т1ехь ду, -билгалдаьккхира цо шен къамелехь. — И декхарш кхочушдаран жоьпалла хьехархочун т1ехь ду. Цундела шеко йоцуш ду школера арабовлучу кегийчу нехан хаарийн т1ег1а, дуьнене хьежар хьехархочун говзаллех, къона т1аьхье дахаран чолхенаш эшо вай кечъярх дозуш хилар.
Районан школашкахь дуккха бу къона т1аьхье кхетош-кхиоран атта доцучу г1уллакхана дуккха шераш д1аделла, хьанал къахьоьгуш болу хьехархой. Тахана баркаллин дешнаш ала дог1у царех х1ораннан ц1арах. Могашалла, ирс, аьтту болуш, балхахь кхиамаш болуш хуьлда шун дахар.
Районан образованин отделан заведующис Зубайраев Сайпуддис хьехархой дезчу денца декъалбеш билгалдаьккхира тахана районехь болх беш цхьа эзар ах эзар гергга хьехархо хилар, иза боккха ницкъ хилар. Кхоллараллин ницкъ могашалла, ирс аьтту церан дахарехь хила лаар д1а а хаийтира цо.
Даздаран мероприятехь республикан Парламентан, дешаран, 1илманан министерствон, районан админинстрацин ц1арах сийлаллин грамоташца, баркаллин кехаташца совг1аташ дира А. Исмаиловс, С. Зубайраевс,
Гулбеллачеран самукъадоккхуш шаьш кечйина тайп-тайпана концертни номерш гайтира школийн дешархоша.
