Берийн библиотекан дахар

      Комментарии к записи Берийн библиотекан дахар отключены

  45 шо ду Насуханова 1айнаъ Нажин-Юртахь берийн библиотечни системехь болхбеш йолу. Шен белхан алссам зеделларг хиларе терра болх дика бевза Насуханована. Берийн библиотекарь-иза ша-тайпа дарж ду, иза библиотекарь хилла ца 1а. Иза хьехархочун, психологан, режиссёран, артистан пох1малла долуш хуьлуш ву. Кхечу дешнашца аьлча, берийн библиотекарь шен дерриг дахар т1екхуьу т1аьхье кхетош-кхиорна т1ехьажийна белхало ву.

   «Библиотекехь цкъа а ца хуьлу тийналла», — олуш ду вайн. И дешнаш дагадог1у Нажин-Юьртан районан берийн библиотеке нисвеллачунна. Кхузахь тийна ца хуьлу. Кхузахь книгашъешархойн самукъне аьзнаш а, г1овг1а хуьлу хезаш.  Кхузахь книга харжа а, еша а, шаьш ешначу книгин чулацамах лаьцна дерг дийцаре дан а баьхкина дешархой алсам хуьлу. Ткъа кест-кеста хуьлучу мероприятешкахь кхин а алсам хуьлу лахарчу а, лакхарчу а классашкара бераш. Амма уьш безаш, хазахетарца т1еоьцу берийн библиотекин заведующис Насуханова 1айнаа, цуьнан накъосташа.

Хьал ца хуучунна атта хетахь а, мелла а къахьега дезаш болх бу берийн библиотекаран болх. Грозненски культпросвет училищан библиотекаран г1уллакхан отделении кхиамца чекх а яьккхина, 1979-чу шарахь еара 1айнаъ билиотечни системе балха. Училищехь доьшуш йолуш ша 1амийнарг, къаьсттина вайн мехкан а, кхечу мехкийн а литература дика йовзаро мелла г1о дира Насуханована балхат1ехь книгашъешархошца хилаеза уьйраш йовзарехь а, иштта цаьрца уллора гергалло, юкъаметтиг лелорехь а. Тахана цуьнан книгашъешархоша дакъалоцу районан культуран дахарехь, тайп-тайпана мероприятешкахь, конкурсашкахь. Цундела республикан барамехь дика ц1ейоккхуш схьабог1у районан берийн библиотекан белхалой.

Цунна тоьшалла ду 1айнаана републикан культурин министерствон а, районан культурин отделан сийлаллин грамоташца, баркаллин кехаташца дина совг1аташ.

Иштта т1екхуьучу т1аьхьенан дахарехь 1аламат ладаме, пайде г1уллакх ду берийн библиотекаша кхочушдийриг: юкъаралла кхеташ-кхиаран кханенна ондда бух биллар, бераш дешарна т1еберзор, шайн мехкан хьанал, кхетаме интеллигенци кхиор, дуьне довзар, и. д1. кх. Берийн шерашкахь иэсехь ч1аг1ъделларг дуьсу церан кхетамехь кхиънабевллачул т1аьхьа. Книгаша г1о до царна дуьненан халкъийн дахар, дика-вон, нийсаниг довза а, дахаран нийса некъ харжа а.

Бералла, жималла т1ехтиллачул т1аьхьа 1аламат хала хуьлу г1еметта х1оьттинчу стагана юха деша волавала, нисвала а, шен амалшца хийцавала а. Цундела ду берахь дуьйна 1амийнарг, марзделларг, берахь дуьйна кхетамехь ч1аг1делларг стеган амалехь дуьсуш. Цундела ду берийн дикачу книгашца тасаделла гергарло мехала а, вай махуьллу къобалдан дезаш а. Цунах дика кхета Насуханова 1айнаъ, цуьнан белхан накъостий.

Тахана районан берийн библиотекин фондехь ю тайп-тайпана жанрийн 8400 книга. Царна юкъахь ю оьрсийн, нохчийн, иштта Россин Федерацин, кхечу къаьмнийн авторийн книгаш. 1айнаъ а, цуьнан белхан накъостий а дика ларош схьабог1у вайн т1екхуьу т1аьхье кхетош-кхиоран мехала декхар доггаха, хьанал кхочушдарехь.