Д1адаьхьира бахархой т1еэцар

      Комментарии к записи Д1адаьхьира бахархой т1еэцар отключены

   Ламаст хилла схьадог1уш ду «Единая Россия» партин меттигера отделенехь бахархой т1еэцар. Бахархоша хьалха х1иттадо дахарехь социальни маь1не долу г1уллакхаш. Т1едеана г1уллакх бег1ийла йолчу аг1ор къастийча, цуьнах боккха юьхьк1ам хуьлу царна.

Х1окху деношкахь Нохчийн Республикан Парламентан депутата Демильханов Мусас, партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас д1адаьхьира рог1ера бахархой т1еэцар.

Масала, Нажин-Юьртара вахархочо Матрашов Сулимас хаттар дира х1усам юг1учу къона доьзалшна лааттанан дакъа даларан некъан хьокъехь. Депутата кхачойоллуш жоп делира цунна.