Некъан белхалошна къаьсттина хала а, жоьпаллин а мур бу т1екхаьчнарг. Ламанца йолчу ярташкахь хьалхе долало 1аьнан денош. Иштта хьалххе дуьллу кхузахь ло а. Х1окху деношкахь, даккхий лайш даьхкира ламанца йолчу ярташкахь. Дийнахь а, буьйсанан хенахь а семачу тергонехь латто дезаш хуьлу ламанца долу некъаш, царна т1ехь болх бен техника а.
Некъан белхалой д1адаккха а хала ларош х1окху деношкахь даккхий лайш даьхкира, къаьсттина, ламанца йолчу ярташкахь. Иштта нислучу хенан х1оттамна дика кечам бинера некъан предприятийн сихачу г1уллакхана кечйинчу бригадаша. Цара кхачойоллуш дика 1уналла деш латтийра шайна т1еч1аг1йина некъан участкаш. Некъаш дийнахь, буса ц1андеш, новкъара ло д1ахьокхуш, г1урайосту г1ум тосуш, транспортана д1асалела кхерам боцуш хьал лардеш схьабаьхкира ГУДЭП-н, ГУДП-н, Асфальт-4 предприятийн белхалой.
