2025-г1а шо –Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Вайн г1ала

      Комментарии к записи 2025-г1а шо –Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Вайн г1ала отключены

  Сийлахь, хастамие истори йолуш г1ала ю вайн Республикан коьрта шахьар – Соьлжа Г1ала. Х1Х-чу б1ешарахь дуьйна Къилбседа – Кавказехь 1ер-дахаран аг1ор уггаре а тоьлла г1ала хилла схьайог1уш ю вайн иза. Йиллина еха хан ялале маьхкдаьтта даккхаран, цунах г1уллакхдаран коьрта туш хилла д1ах1оьттира иза вайн регионехь. Ткъа т1аьхьа Нохч – Г1алг1айн Автономни Республикан коьрта шахьар хилла д1ах1оьттира Соьлжа – г1ала. Цул сов, Къилбседа-Кавказехь 1ер-дахаран хьелашна къаьсттина аьтту болуш, беркате г1ала лоруш ю вайн г1ала.

   Вайн республикан бахархошна боккха кхаъ хилла деана карара 2025-г1а шо. Цкъа делахь, Нохчийн Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана д1акхайкхийна 2025 – г1а шо – Соьлжа-Г1алина а, В.В. Путинан ц1арахчу районна а лерина шо хилар. Шолг1а — вайн г1ала Россин Федерацин г1аланашна юкъахь «2025-чу шеран синоьздангаллин коьрта шахьар», аьлла хаьржина хилар а. Иштта хаам беш кхаъ баьккхира вайна, Россин Федерацин кхеташонан преседателан  социальни политикеху заместитель а, иштта вайн республикан ц1арах СФ-хь векалан декхарш кхочушдеш волчу Ахмадов Мохьмада.

Мохьмада билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикан хьалхара Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад – Хьажас дукха лерина болх бира вайн дайша б1ешерашкахь кхоьллина, сийдеш схьадеана синоьздангаллин г1иллакхаш, ламасташ лардеш д1адахьаран новкъахь. Ткъа вай цо гайтинчу новкъа доггаха, дозаллийца уьш лардеш д1адаха деза. Цо билгалдаьккхира:

— Иштта лакхара мах хадо хьакъ бу г1ала т1аьхь-т1аьхьа хазъеш, тоеш, кхиош д1ах1оттош къахьегна г1алин куьйгаллин белхалой. Цо гойту шун вайн Даймахке болу безам, дайша кхоьллинчу культуран, син-оьздангаллин, мехкан сийдан хууш хилар. Иза мехала толам бу тахана. Соьлжа-Г1ала «2025-чу шеран Культурин коьрта шахьар» харжаро аьтту лур бу г1алин а, мехкан, бахархойн социальни, экономически, культурин аг1ор кхин а лаккхара кхиамаш бахарехь.

Нохчийн Республика туризм кхиоран, сада1аран хьелаш, лыжин спорт кхиаран, иштта могшалла меттах1отторан хьелаш лакхара долуш регион хиларе терра, махкахь сихдина дохкуш некъаш ду, еш керла туристически объекташ ю, иштта схьайоьллуш керл-керла маршруташ ю вайн. Вайн республика, коьрта г1ала, дахаран хиндерг кхин а дикчу аг1ор долуш регион хиларх тешна ду вай.