Х1окху деношкахь «Единая Россия» партин меттигера отделенехь д1адаьхьира бахархой т1еэцар. Бахархоша хьалхах1иттадо дахарехь социальни маь1не долу г1уллакхаш. Т1едеъна г1уллакх бег1ийла аг1ор къастийча, цуьнах боккха юхьк1ам хуьлу царна.
Нохчийн Республикан Парламентан депутата Демильханов Мусас, партийн меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас д1адаьхьира рог1ера бахархой т1еэцар.
Масала, Булан-Хит1ара яхархочо хаттар дира лерина д1ахьочу операцин дакъалацархочунна х1усам йог1а латтанан дакъа даларан некъан хьокъехь. Депутата тидаме ийцира и г1уллакх.
