2025-г1а шо – Грозный г1алин, В. Путинан районан шо «Вайнах» -вайн г1алин дозалла, нохчийн къоман синоьздангаллин хазна

      Комментарии к записи 2025-г1а шо – Грозный г1алин, В. Путинан районан шо «Вайнах» -вайн г1алин дозалла, нохчийн къоман синоьздангаллин хазна отключены

 1939 чу-шарахь дуьйна Нохч – Г1алг1айн автономин республикан культурин дахаран тоьлла хазна хилла, шен жимчу къомаца дика а, вон а, халонаш а ловш, амма шен еза, сийлахь ц1е ларъеш схьаеана «Вайнах» ансамбль.  Тахана вайн халкъан синоьздангаллин дахаран, историн уггаре мехала хазна хилла, ц1еяаххана коллектив ю иза. Дуьненчуьра мехкашна,  кегийчу, даккхийчу халкъашна вайн культура, вайн жима къам довзийтарехь доккха дакъа диллина «Вайнах» ансамблан белхалоша. Цундела хета вайна «Вайнах» ансамбль — къоман иллин, хелхаран ансамбль хилла ца 1аш, вайн халкъан кхолламан тоьлла дакъа.  

   Д1адаханчу б1ешеран 40-шерийн юххьехь кхоллаелла ансамбль хазахетаран кхаъ хилла т1еийцира вайнаха. Иштта иза езаш т1еэцаран бахьана дара ансамбль вайнехан халкъан бартан кхоллараллин бух техь йиллина хилар. Халкъан турпалхойх, оьздачу мехкарех, безамах, доттаг1аллах, г1иллакх-оьздангаллех лаьцна дийцарш, иллеш, эшарш, иштта халкъан туьйранаш, кицанаш, забаре байташ, х1етал-металш вайн барта кхоллараллин бухт1ера схьайог1уш ю. Ткъа хьалха заманахь ловзаршкахь, синкъерамашкахь, белхешкахь гучуйовлуш хилла и халкъан культурин хазнан билгалонаш. Делахь а вайн махкахь, иштта кхечу пачхьалкхашкахь дехачу халкъашна ша езийта, шех б1аьрг бузийта ларийра «Вайнах» ансамбль. Тахана дуьненчохь а ц1еяххана, евзаш коллектив ю иза.

Шозза йохийра иза а хенан хиламаша. 1944-чу шеран 23-чу февралехь халкъ махкахдаьккхинчу 13 шарахь сецна лаьттира ансамблан болх. 1956-чу шарахь юхаденъелира иза. Нохч-Г1алг1айн АССР юхаметтах1оттийна сацам хиллачу деношкахь, уггаре хьалха кхоллараллин, культурин, серлонан (дешаран) векалш ц1аберзийра республикан 1едало. Ткъа 1957-чу шеран 27-чу сентябрехь Грозный г1алин х1инца Нурадилов Ханпашин ц1арахчу драмтеатрехь шен дуьххьарера концерт гайтира ансамблан коллективо.

Иштта меттах1отта йолаелира юхаденъеллачу пачхьалкхан коьрта ансамбль. Иза 1аламат боккха кхиам бара. Мехкан районашкахула, ярташкахула концерташ гойтуш, нехан дегнаш ир-кара х1иттош чекхбевлира ансамблан артисташ. Иштта гастролаш д1аяьхьира Москвахь, Украинехь, Латвехь, Литвахь, Белорусехь, иштта мехкан а, кхечу пачхьалкхийн а  регионашкахь.

Еха хан ялале махкахь г1араевлира ансамблан, иштта кхийолу кхоллараллин коллективаш. «Вайнах» ансамблана юкъара велира дуьненахь а ц1еяхана хилла волу хелхарча Эсамбаев Махьмуд, пондарча Димаев 1умар, Айдамирова Маръям, илланчаш Магомедов Султан, Шаипов Са1ид, Дагаев Валид, Умхаев Хьамзат, Януркаев Сайд-Эми, Синявская Тамара, иштта кхиберш а.

Т1аьхьо лаккхара пох1малла долу керла артисташ баьхкира ансамблан коллективе: Хамидов 1-Хьамид (ансамблан директор) Ш. Эдилсултанов, С.Абусаламов, В. Идрисов, З. Сардалова, М. Буркаев, Р. Паскаев, Т. Элимбаев (1974-94шш. ансамлан директор) и.кх.д1.

Къаьсттина халадаьхкира 1994-1999 – г1а шераш. Юха а сецна лаьттира «Вайнах» ансамблан дахар а. 2001 – чу шарахь, Нохчийн Республикан хьалахара Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьамад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!)  Нохчийчоь юхаметтах1отторан некъ культурина т1ера д1адолийра. Иза дика кхеташ вара къоман нийсачу новкъа далар культурех доьзна хиларх. Цуьнан д1адолорца йоццачу хенахь юхаденъяла ницкъ кхечира ансамблан коллективан. Иштта 2001 – чу шарахь шен махка ц1айирзинчу ансамблан коллективо Нажин – Юьртан культурин Дворецехь гайтира шен дуьххьарлера концерт. Цигахь вара вайн мехкан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад – Хьаьжи а.

Цул т1аьхьа Ахьмад-Хьаьжин г1оьнца коллективо дакъалецира дуьненаюкъара фестивалашкахь: 2002-чу шарахь-Францехь, 2003-чу шарахь – Италехь, 2004-чу шарахь – Италехь, Испанехь, 2006 –чу шарахь Китайхь, 2007- чу шарахь Италехь, Иорданехь.

2008-чу шарахь Берлин г1алахь д1аяьхьначу дуьненаюкъара фестивалехь Россин ц1арах дакъалоцуш хилларг еккъа цхьа «Вайнах» ансамбль бен яцара. Оццу шарахь Кремлехь  4-за концерт гайтира «Вайнах» ансамблан коллективо. Юха а билгалдаккха дог1у, и шераш уггаре а хала даьхкина шераш дара вайн юхадендаларехь.

Кху шара 86 шо кхочу Нохчийн пачхьалкхан иллин, хелхаран ансамбль «Вайнах» кхоьллина. Нохчийн Республикан а, вайн Грозный г1алин а дозалла, син-оьздангаллин хазна – «Вайнах» ансамбль къоман культурин кхерч хилла д1ах1оьттина тахана. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!