Карарчу шеран 15 – чу февралехь 36 шо кхечи Афганистанехь г1уллакхдеш хилла Советски эскар арадаьккхина. Хийрачу махкахь шайн интернациональни декхар кхочушдеш хиллачу б1аьхошна юкъахь бара вайн районера векалш а. Царах ву Нажин – Юьртара Дужиев 1альви, Булан-Хит1ара Касумов Нврабек.
«Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша оцу мехалчу хиламна лерина шаьш долчохь вовшахтуьйхира оцу дакъалацархошца цхьаьнакхетар. Дужиевс, Касумовс дийцира афгански т1амехь интернациональни декхар кхочушдеш хиллачу шерашкахь шайн бисинчу дагалецамех лаьцна.
Партин меттигера отделенин куьйгалочо Хатулаев Виспашас баркалла элира Дужиевна, Касумовна цхьаьнакхетаре бахкарна, кхид1а йолчу хенахь могашалла, ирс-аьтту хила лаар д1ахаийтира цо. Партин ц1арах дагалецаман совг1аташ а дира.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара: партин меттигера отделенин говзанча Цербицева Хьава, «Халкъан дош» газетан отделан редактор Инеркаев Яхьъя.
