Россин Федерацин массо а регионаша къобалдеш ду тахана Грозный уггаре хаза, ц1ена, лаккхара культура йолуш д1ах1оьтттина г1ала хилар. Вайн нохчийн халкъан дозалла хилла ца 1аш, хаза къаъ бу иза. Тахана вайн т1екхуьучу т1аьхьенна вайн коьртачу г1алин цхьайолу ган а, хьажа а хьакъ йолу меттигаш йовзуьйту вай.
Грозны г1ала – Нохчийн Республикан столица, Къилбседа Кавказан регионан яккхийчех шахьарех кхуьуш, толуш, шен исбехьаллица денна хазлуш схьайог1уш ю. Т1аьхьарчу шерашкахь дикчу аг1ор хийцаелла, т1еман шерийн лар ца юьсуш д1ах1оьттина Грозны г1ала. Махбаран центраш, сада1аран паркаш, доладеш тойина сквераш, шо-шаре мел долу керла хьалах1иттош йолу г1ишлош кхечу регионашкахьчул къаьсттина алсам ю вайн махкахь.
Цул сов иштта кхуьуш ю туризман объекташ. Вайн мохк, халкъан культура, ламасташ, г1иллакхкаш довза лууш кхечу регионашкара, пачхьалкхашкара схьабог1у туристаш а алсамбевлла. Цуьнан бахьана ду вайн г1алахь муьлххачу хьешана а, туристашна а сада1а, б1аьргтоха, гах1ума, хьажах1ума алссам хилар.
Карарчу шарахь 207 шо кхочу вайн г1ала йиллина. Д1аяханчу заманахь цуьнан историн хиламаш вайн къомана г1ело еш баьхкина хиллехь а, тахана цкъа делахь, Нохчийн Республикан хьалхара Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!) билгалбинчу новкъа довлар, шолг1а-Нохчийн Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана цуьнан некъ д1акхехьар бахьана долуш, цкъа а ца хиллачу кепара хазъелла, тоелла д1ах1оьттина вайн г1ала а, иштта вайн г1алин га, хьажах1ума мел долу меттигаш а.
Маьждиг — «Нохчичоьнан Дог» — Грозный г1алин коьрта маьждиг Россин Федерацехь хилла ца 1аш, Европехь а уггаре доккхачех лоруш маьждиг ду. 10 000 стаг д1ах1оьттина ламаз дан таро а йолуш, Турцин пачхьалкхан Истамбул г1алара Стигал-басахьчу маьждигах тардеш хаза кечдина, говза д1ах1оттийна доккха маьждиг – Нохчийчоьнан Дог. Г1алин дагюккъехь, Исаев Хьусайнин ц1арахчу проспектехь лаьтта и исбаьхьа г1ишло. Зударшна а, божаршна а шайн-шайна чуг1ойла йолуш, Ислам-динан массо а лехамаш кхочуш беш лерина йина г1ишло ю Нохчийчоьнан Дог. Иштта маьждиган майданахь ю вайн динан кепаш ларъеш йина бусалба динан дешаран учрежденеш (университет, хьафизий школа), хинан-фонтан, 1индаг1на йоьг1на диттийн беш), маьждиге баьхкинчаьрна, хьешашна, туристашна лерина сада1а кечйина меттигаш, иштта кхоьллина кхийолу бег1ийла таронаш а.
Стигла волу лами – иштта ц1е йолуш, шена т1ехь г1алин гонаха б1аьргтоха йина майда а йолуш, 2020-чу шарахь Грозный г1алин денна лерина Бойсг1аран урамехь схьайиллира и массо аг1ор сада1а бег1ийлонаш а йолу объект.
Грозненски х1орд – халкъалахь иштта ц1е йоккху Чернореченски хигулдаран объектан. «Х1ордаца» хьала-охьа дуьйладала, сада1а тойина меттигаш, хьешашна йина х1усамаш, ресторан, хинан-парк йолуш бег1ийлонаш ю. Къаьсттина сада1а баьхкинарш, туристаш дукха шена т1еийзош хаза меттиг ю цигара тайп-тайпана бос хийцалун фонтана хьалха кечйина майда. Садо1учу деношкахь къаьсттина адам дукха хуьлуш, иштта зударшна шайна, божаршна шайна сада1а аьтту болуш тойина бег1ийла меттиг ю иза.
Грозный – Сити, Зезагийн парк — 40 г1ат лекха стигла хьалаяхана ворх1 г1ала йолуш, кхузаманан объект ю вайн г1алара Бизнес – центр. Кхузахь ю ресторанаш, офисаш, хьешах1усамаш, лаьтта бухахь йина йоккха машенаш д1ах1итто парк. Иштта царах цхьа г1ишло ю 1ойлина билгалъяьккхина, дукхах1усамаш йолу объект. Къаьсттина туристашна, хьешашна хазахеташ г1ишло ю шена т1ехь гонаха б1аьргтоха аьтту болуш йоккха майда а йолуш йолу г1ишло. Оцу майданара гонаха б1аьргтоьхча, вайн г1ала кераюккъехь йолуш санна ган таро ю.
Бизнес-центрана гена йоццуш ю 1аламат хаза кечйина Зезагийн парк. И жима меттиг д1алоцуш йолчу Зезагийн паркехь хьалакхуьуш ду 150 000 зезаг, иштта 500 дитт а. Зезагех йинчу ехачу нартолца, тайп-тапана дийнатийн суьрташца, берийн аттракционашца, эсалгийн туьканашца кечйина исбаьхьа меттиг ю Зезагийн – парк.
