2025-г1а шо – Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Грознера нефтан университетан — 105 шо

      Комментарии к записи 2025-г1а шо – Грозный г1алин, В. Путинан районан шо Грознера нефтан университетан — 105 шо отключены

   Грознера пачхьалкхан нефтан университет  уггаре ширачех йолу лакхара дешаран учреждени лоруш ю Нохчийн Республикехь. Иза схьайиллина 1920-чу шарахь. Карарчу шарахь шен 105 шо кхачар билгалдоккхур ду. Университетан хьехархоша а, студенташа а. 1925-чу шарахь институтан хьехархойн коллективо дуьххьара арахийцира дешна бевлла студенташ-инженераш. Цул т1аьхьа диъ шо дальча, 1929-чу шарахь оцу лакхарчу дешаран заведенина союзни маь1не статус елира.   

   1945-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца Къинхьегаман Ц1ечу  Байракхан орденца совг1ат а дира цунна. 1973-чу шарахь академикан Миллионщиковн ц1е а тиллира.

   1960-70-чу шерашкахь цигахь 1аламат к1еззиг бара (3 стаг) вайнехан хьехархой. Уьш бара Багаев Ахьмад, Келигов Мурат, Яндаров Ваха. Иштта шо-шаре мел дели, меттигера хьехархой, кхиболу говзанчаш алсмбовлуш СССР-хь уггаре  тоьллачех дешаран учреждении а хилла д1ах1оьттира иза. Ткъа НГ1АССР Россин нефтах, газах г1уллакхден коьртачу регионех цхьаъ хилира. Цигахь арахоьцуш болу инженераш, иштта кхиболу говзанчаш белхан къаьсттина лаккхара корматалла йолуш кечбеш хилар девзаш дара СССР-н массо а регионашкахь.

Шен исторехь даим а ларамца ц1ейоккхуш схьаеана вайн нефтан университет. Д1адаханчу б1ешеран 60-чу шерашкахь цуьнан дикаллин, лаккхара говзанчаш кечбаран аг1онаш евзира кхечу пачхьалкхашкахь а. Цара кхуза деша а, зеделларг довза а хьовсабора шайн белхалой. Китай, Инде, Египте, Бирме, Алжире, Кубе, Герггарчу Малхбалин пачхьалкхашка шайн меттигера студенташ кечбан д1акхойкхура нефтан университетан хьехархой.

Х1окху 105 шарчохь Грознера нефтан университетехь кечбеш арахецна лаккхара образовани йолу иттаннаш эзарнашкахь говзанчаш – нефтяникаш. Нефтах, газах г1уллакхдечу СССР-н хиллачу массо регионашкахь бохург санна тахана а белхаш беш схьабог1уш бу цигахь арахецна говзанчаш.

СССР йоьхначу шерашкахь яккхийн халонаш лан а дийзира цуьнан. Ма-дарра аьлча, массо а дешаран учрежденешкахь санна, юхаденъяла езаш хьал х1оьттинера цигахь а. Уггаре хала даьхкира 1991-2000-г1а шераш. 2000-чу шеран 1-чу февралехь РФ оборонан министерствон коллегехь т1еийцира Грозненски нефтан лакхара дешаран учреждени юхаденъяран программа. Ткъа оццу шеран 5-чу апрелехь «Академик Миллионщиковн ц1е тиллира цунна.

Тахана кхачо йоллуш юхаметтах1оттийна университетан дешаран, иштта 1илманан-талламан белхан а система. Т1аьхь-т1аьхьа шорлуш, алсамйовлуш ю говзаллаш а: 1аламах пайдаэцаран, информатикан, земельни кадастран, з1енан системин, экспертизин, производствехь куьйгалла даран аг1ор говзанчаш кечбо. Таханлерачу заманна жоп луш технически г1ирсашца кечйина х1ора а кабинет, иштта болх беш ю шена чохь 250000 1илманан-технически литературех юьзна библиотека.

Университетана чуйог1уш ю очно, заочно, очно-заочно кепара дешаран 8 факультет, нефтяной колледж, иштта 35 кафедра. Цигахь кечбеш, арахоьцуш бу 32 кепара корматаллин говзанчаш. Университетана шен филиал ю Дагестански Республикан Дербент г1алахь. Карарчу хенахь университетехь доьшуш 6 эзар сов студент ву. Иштта цул сов 250 студент кечамбаран отделенехь доьшуш ву. Институтан 35 кафедран хьехархойх 12 сов 1илманан доктор, 20-х профессор, 75 гергга доцент ву.   Тахана массоаг1ор дешаран оьшу таронаш а йолуш, толуш, кхуьуш схьайог1уш ю Россин Федерацехь тоьллачех цхьаъ йолу лаккхара дешаран учреждени — академикан М. Д. Миллионщиковн ц1арах йолу Грознера пачхьалкхан нефтан технически университет.