Яртийн администрацийн, учрежденийн, организацийн, Россин МВД-н районехула йолу отделан полицин сотрудникаша дакъалоцуш районан администрацин куьйгалхочо Музуруев Асланбека д1аяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира марха дастарна кечам беш бахархошна оьцуш долчу сурсаташна т1е сов мах баккхар дехкарх лаьцна.
— Х1окху деношкахь Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правительствехь д1аяьхьначу кхеташонехь билгалдаьккхира, даима санна Дала базбина баийтинчу Рамаданан баттахь меттигаш нисло бахархошна духкуш долу товарийн мехаш мелла а хьалабохуш юхадухкуш хилар, — элира Музуруевс. – Ишттачу йохкархойн туьканаш д1акъовлуш, чуьра товар мискачаьрна саг1ина д1алуш г1уллакхаш дан деза меттигашкахь. Республикан Куьйгалхочун кхайкхамна жоп а луш, вайн районехь вай дерриге а орцах девлла, некъ бехка беза товарашна т1е сов мах боккхуш уьш д1адухкуш болчу йохкархошна. Полицин сотрудникаша дакъалоцуш меттигашкахь талламаш бан беза кхачанан сурсаташ дохкаран туьканашкахь.
Кхеташонехь дийцаре диллинчу г1уллакхах лаьцна шайна хетарг олуш къамелаш дира Россин МВД-н районехула йолу отделан начальника Чалаев Мурада, районан къедас Магамаев Вахас.
