Космонавтикан денна лерина Нажин-Юьртан №2 йолу юккъера юкъарадешаран школан дешархошца цхьаьнакхетар вовшахтуьйхира «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша (куьйгалхо Хатулаев Виспаша, говзанча Матрашов Сулима).
Дешархошна хьалха къамел деш йистхиллачу школан директоран кхетош-кхиорехула йолу заместитела Ильясова Эльмирас дийцира Россехь космонавтикан де билгалдаккхар 1961-чу шеран 12-чу апрелехь дуьнент1ехь дуьххьара т1ехь стаг а волуш космически кема стиглан есалле хьаладаккхарца доьзна хилар.
— Дуьххьарлера косманавт хилира Советски Союзан лётчик-космонавт Юрий Гагарин, — элира Ильясовас. – Цо лаьттана гонаш бехира 108 минотехь. Адамашна космос талларехь, караерзорехь дуьнент1ехь баьккхинарг вайн мехкан толам бара. Хан-хене мел ели билгалдолу стаг дуьххьара стиглан есалле вахийта кечвеш инзаре боккха болх вовшахтоьхна хилар. Тхана Россин г1оьнца космосан есалла караерзош ю дуьнент1ера кхийолу пачхьалкхаш а.
Дешархойн а хилира космонавтикан дийнан хьокъехь дала хаттарш. Царна жоьпаш делира В. Хатулаевс, Э. Ильясовас.
