Баринан ц1а (Барский дом) – вайн коьртачу г1алин культурин таьхьалонан объектех цхьаъ лоруш ю. Оцу ц1ийнан х1усамашкахь 1ер-дахар хилира Министрийн Советан председателан Гайрбеков Муслиман а, вайн къам махкахдаьккхинчуьра ц1адирзичахьана дуьйна, мадарра аьлча, 1957-1994-чу шерашкахь хилла нохчийн г1араваьлла юрист, историк, адамийн бакъонаш ларъярхо, юкъараллин г1уллакххо Мальсагов Дзияудди а. Ц1енна хьалха д1атоьхна ду цуьнан ц1арах кечдина мемориальни У.
1923-чу шарахь Ингалс пачхьалкхера нефтепромышленникаша шайн нефтахг1уллакхдаран компанин белхалошна лерина дина, г1алин цхьа куп д1алоцуш доккха ц1а ду иза.
Цу чохь хилла лакхахь ц1еяьккхинчу компанин белхалойн конторийн чоьнаш (офисаш) а, говзанчийн чохь 1ен х1усамаш а. Ткъа иза къоман культурин т1аьхьалонан объекташна юкъадахаран бахьана ду, Грозный г1алин г1ишлошна юкъахь ширачех цхьаъ хилар, шатайпа архитектурин васт долуш хилар а. Оцу х1усамех таръеш йина архитектурни объекташ ган тарою Европерачу пачхьалкхашкахь Англехь, Шотландехь. Мелла а цара шайн архитектурин куц-кеп ларъеш йина хиларан билгало ю иза.
Нохчийчохь т1аьххьара т1емаш болчу шерашкахь ч1ог1а дохийнера и ц1а 2006-чу шарахь ша хьалха ма-хиллара юхаметтах1оттийра. Объект юхаметтах1отторан белхаш лерина бина хиларе терра, хьалха хиллачух къасталур йоцуш лерина тойина гуш ю. 2013-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикан Правительствон туризмехула йолчу Комитетан сацамца г1алин туристски-экскурсионни маршруташна юкъаяхийтина и объект. Карарчу хенахь х1ора шарахь 30 эзар сов турист хьаж-х1отта т1евог1уш, республикан культурин т1аьхьалонан объектех цхьаъ хилла д1ах1оьттина ца 1аш, г1алахь уггаре а бахархой дукха вовшахкхеташ меттиг ю В. Путинан ц1арахчу проспектехь долу «Баринан ц1а».
Ткъа цигахь г1ашлойн проспект, керла ресторанаш, яккхийн туьканаш, кафеш, медицински центраш схьайиллинчул т1аьхьа цига бог1у г1алин бахархой, туристаш кхин алсамбевлла.
Ткъа «Барски ц1а», аьлла ц1е цунна тилларан бахьана ду Сйлахь-боккха Даймехкан т1ом болуш, махкахь массанхьа а санна, юучуьнца, молучуьнца вон хьоьгуш хилла г1алара бахархоша. Ткъа цу чохь бехачу обкомовски белхалошна кхачанан сурсаташ дохьуш х1ора денна маше йог1уш хилла. Оцу г1уллакхна реза боцучу бахархоша «Баринан ц1а», аьлла тиллина олу цунна иштта ц1е.
