Вай дозалла до Сийлахь – боккхачу Даймехкан т1еман шерашкахь кара герз а эцна, вайн Даймохк ларбинчарах, вай дозалла до Россин цхьаалла ларъеш шайн синош д1аделлачарах а, Толаман Де мелла а герга кхачорна т1ехь къахьегначу т1еман дакъалацархойх а.
«Историн иэс» федеральни партин проект кхочуш а еш, «Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша №8 йолу гимназехь, Бенара, Мескитара, Нажин-Юьртара №3 юккъера юкъарадешаран школашкахь д1адаьхьира «Толаман диктант» язъяр.
Мероприятешкахь дакъалоцуш хиллачу партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулимас д1ахаийтира диктантан дакъалацархойн кхиамаш хилар а, лаккхара баллаш яха шайна лаар а. Баркалла элира и мехала мероприятеш вовшахтоьхначу хьехархошна
