Турпалхочун парта схьайиллина школехь

      Комментарии к записи Турпалхочун парта схьайиллина школехь отключены

«Единая Россия» партин меттигера отделенин белхалоша Нажин – Юьртара №2 йолу юккъера юкъарадешаран школехь вовшахтуьйхира «Турпалхочун парта» схьаелларан мероприяти.

Украинехь д1ахьочу т1еман лерина йолу операцехь кхелхинчу Нохчийн Республикан Турпалхочунна Хамбулатов Асланна Турпалхочун парта схьайоьллуш дакъалецира партин меттигера отделенин куьйгалхочо Хатулаев Виспашас, говзанчас Матрашов Сулимас, школан директоран кхетош – кхиорехула йолу заместитела Ильясова Эльмирас, иштта Асланан гергарчу наха а.