Нохчийн пачхьалкхан кхиазхойн театр
1935-чу шарахь Грозный г1алин театран тобано вовшахтуьйхира театр езархойн кружок. Цул т1аьхьа ши шо даьлча, 1937-чу шарахь, оццу кружокан бух т1ехь театран тобано схьайиллира тайнагийн театр. Театран актёраша юьхьанца х1иттош йолу спектаклаш оьрсийн маттахь х1иттайора. Говзачу актёраша (П. Бердников, Е. Тааль, Е. Холод, М. Яковлева и. д1. кх.) кхиазхойн хьовсархошна дуьххьара гайтина спектакль «Волшебная калоша» яра. Оцу цхьана шарахь театран актёраша кхин а масех спектакль гайтира кхиазхойн хьовсархошна.
1939 –чу шарахь оццу театрехь вовшахтуьйхира вайн къоман дуьххьарлера кхиазхойн театран актёрийн тоба. Оцу тобанан актёраша нохчийн маттахь дуьххьара ловзийра «Сакхат оьпа», «Хьекъале Мишка», «Хьуьнхара кегари» спектаклаш. И спектаклаш х1иттийнарг вайн къоман театран дуьххьарлера режиссёрех цхьаъ волу Батукаев Гарун вара. Театран актёраша т1еман хенахь а ца сацийра шайн болх. Госпиталашкахь т1еман гарнизонашкахь а т1емалошна спектаклаш х1иттайора актёраша. Цхьаболу актёраш шайн лаамехь т1амт1е бахара. Царна юкъахь дуккха а д1акхелхинарш а бара.
Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1абирзинчул т1аьхьа театро карлабаьккхира шен болх. Церан репертуарехь юкъаевлира керла спектаклаш «Иччархо-Андрей», «Шайт1анан хьер», «Маръяна», и. д1.кх. 1956-чу шарахь Къилбседа Кавказан регионашкара театран актёрашна юкъахь массарал говза, тоьлла актёраш лоруш бара Грознера кхиазхойн театран белхалой.
1957-чу шарахь, вайнах Казахстанера а, Киргизера а ц1абирзинчул т1аьхьа, театрехь юха а д1адолийра нохчийн маттахь, 1969-чу шарахь г1алг1айн маттахь спектаклаш х1иттор. Х1инца театрехь болх беш интернациональни тоба яра – оьрсийн, нохчийн, г1алг1айн. Нохчийн тобанан дуьхьарлера актёраш бара Алиева Т., Ташухаджиева А., Ганукаева В., Мехтиева Р., Салаев Л., Закриев Т., Албастов М., Виситаев В., Хасиев А. , г1алг1айн – Оздоев А., Имагожев О., Катиева Л., Йижарий Хаутиевг1ар, Хадзиев М., Вискаева Л. Оьрсийн тобанан актёраш бара – Хачукаев Р., Медведева Т., Наргапова Н., Домбровский В., иштта кхиберш а.
1960-чу шерашкахь шо-шаре мел дели алсамбовла буьйлира вайн къоман актёраш. Иштта алсам х1итто йолийра къоман произведенийн спектаклаш а: Саидов Билалан «Лаьмнаша д1акхойкху», Гайсултанов 1умаран «Турпал», «Жима Дана», Берсанов Хьасанан «Дог майра Бексолта», Хамидов 1абдул – Хьамидан «Т1ам сийна кхокха».
1980-чу шерашкахь театрана, Къилба Россин фестивалехь жигара дакъалацарна II-чу даржан дипломца а, иштта Венгрин искусствон 2-чу фестивалехь дакъалацарна дагалецаман медалаца а совг1аташ дира.
1990-чу шерашкахь Нохчийчохь х1оьттина политически хьал бахьана долуш доккха зен хилира республикан кхиазхойн театрана. Д1асабахара артисташ, йохийнера театран г1ишлош, цаьрца цхьана театран массо тайпа г1ирсаш. Иштта юхаденъян дийзира театр. Вайн Республикан дуьххьарлера Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад – Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) къаьсттина тидаме эцнера къоман культура юхаденъяран г1уллакх. И бахьана долуш махкахь сихха юхаметтах1оттийра театран г1ишло а, цуьнан болх а. Карарчу хенахь ц1ахь а, Россин регионашкахь а, иштта Нохчийн Республикан ярташкахь а тайп-тайпана произведенийн спектаклаш х1иттош, мехкан массо фестивалашкахь жигара дакъа а лоцуш тоьллачу мог1арехь схьайог1уш ю вайн кхиазхойн (тайнагийн) театр.
Берийн къаьсттина самукъадолу тайнагаша «берийн маттахь» дечу къамелах. Бераш цецдохуш, царна шайн дахар туьйранах тардеш, дахар деза, цуьнан ларам бан догдоуьйтуш говза спектаклаш х1иттайо театран актёраша. Иштта маьхза спектаклаш х1иттайо республикан берийн реабилитационни центрашкахь, ярташкара берийн бошмашкахь.
Берийн театран бух биллина лакхахь вай ц1ераш яьхначу артисташа. Театран белхалойн коьрта 1алашо ю шайн х1ора спектакалх берийн дезде дар.
